Дарбан хIусамашкахь кеп-кепара говзаллаш йолу лоьраш тоаме болчу регионийн рейтинг вовшахтоьхна Оьрсийчоьнан могушаллин министралло. Цуьнца а догIуш, медикийн кхачо ю Чукоткехь а, Санкт-Петербургехь а, Магаданан кIоштахь а, Къилба ХIирийчохь а, Якутехь а.
Лоьрийн къоьлла лаьттачу мехкашлахь ю Курганан, Псковн, Владимирскан кIошташ а, ишта царлахь нисъелла Нохчийчоь а.