ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Венехь зуламаш дан дагахь хилла аьлла, ши нохчо лаьцна полицино


Нохчийчуьра ши мухIажир теракташ ян Iалашо йолуш хилла аьлла, шеконашца дIалаьцна Австрин полицино, яздо "Kronen Zeiting" газетано. Талламчаша чIагIдо, 25, 31 шераш долу ши жимстаг Венехь Керлачу шеран дезачу деношкахь теракташ ян дагахь хилла бохуш.

Винер-Нойштадт​ гIаларчу набахтехь сацийна ши нохчо. Цхьахволчун адвокато Бляшитц Вольфганга хаамбарца, иза бехкево оьккхуьйтучу гIирсах пайда а оьцуш, Керлачу шеран деношкахь зуламаш дан лерина хиллла аьлла. Ша Iалашвечун цIарах Бляшитца бакъ ца до дохку бехкаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG