ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Санкцеш кхайкхийна тоьпаш тохарна


Ирасханов Аслан (аьтту агIорхьара) министрца Алханов Русланца
Ирасханов Аслан (аьтту агIорхьара) министрца Алханов Русланца

Кху материалан автор ву Кавказ.Реалиин корреспондент Саидов Тимур


Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто санкцеш кхайкхийна Соьлж-ГIаларчу полицин коьртерчу Ирасханов Асланна дуьхьал, «йина кхел а йоцуш, 27 стаг верна». Иштта боху департаментан сайто.

Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто билгалдаккхарехь, Кадыров Ахьматан цIарх долчу хадаран-постийн декъах (ППС) цо куьйгалла дечу муьрехь байина и нах. "Кавказ.Реалиино" дуьйцу и стаг цу дарже муха кхаьчна.

Ирасханов Аслан Салманович вина 1976-чу шарахь Марсхьокху-беттан 16-хь, дукха хан йоцуш Ахмат-юрт аьлла цIе хийцинчу Хоси-Юьртахь. Чоьхьарчу гIуллакхийн органашкахь болх бан иза волавелла 2004-чу шарахь, могIарерчу милцочун даржехь.

Цул тIаьхьа Ирасханов болх бан кхиира Нохчийчуьрчу маситта кIоштахь, шайна юкъахь Гуьмсан а, Шуьйтан а, Соьлж-ГIалин Старопромыслан а, Ленинан а кIошташ а йолуш.

ТIе тидам бохуьйтуш ду кадыровхойн могIарех иза шен 28 шо долуш дIакхетта хилар. Нохчийчохь тIом боьдучу заманахь а, цул тIаьхьа 2004-чу шаре кхаччалц иза хIун лелош хилла хууш дац.

2007-чу шарахь "юриспруденцин" говзалла караерзош цо чекхяьккхина Нохчичуьра бизнесан а, урхаллин а институт. Билгалдаккха деза, цу доьшийлана пачхьалкхан аккредитаци йина хилар 2010-чу шарахь Чиллан-беттан 3-хь. 2019-чу шарахь бинчу хаамца, Оьрсийчоьнан реестрехь аккредитаци йинчу дешаран меттигашна юкъах яц и институт.

2010-чу шарахь Ирасхановх хилира милицин капитан. Цо дIалоцучу даржан цIе хилла чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Соьлж-ГIаларчу урхаллан Стапромыслан кIоштан номер 4 йолчу декъехь комендантан тобан лакхара говзанча.

Цул тIаьхьа Ирасановн карьера ирх яхана дукха сиха. 2012-чу шарахь Стигалкъекъа-баттахь иза хIоттийна Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Шуьйтан кIоштарчу декъан хьаькам, ткъа кхин а ши шо даьлча иза куьйгалла деш вара Соьлж-ГIаларчу №1 полицин декъана. 2014-чу шарахь Марсхьокху-баттахь дуьйна иза командир хIоттаво Кадыров Ахьматан цIарахчу полкан.

2019-чу шарахь Товбецан-баттахь Ирасхановх хуьлу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Соьлж-ГIаларчу урхаллан хьаькам. Ницкъаллин структурийн белхахошна иза вовзуьйту ша республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

14 шарахь ницкъаллин структурашкахь болх беш Ирасхановна елла 20 мидал а, орден а, шайна юкъахь федералан а, меттигера а тIегIантIера мидалш а, орденаш а йолуш. Цул сов, Кадыров Рамзана цунна елла цIе тIехь йолу тапча.

Кадыров Рамзана лаккхара мах хадабора Ирасхановс лелочун. Иштта цхьана кхеташонехь цо дIахьедар дира, "нохчийн коьртачу гIалан полицин куьйгалло дика болх барна аьтто белира Соьлж-ГIалара хьал бухара дуьйна хийца, шен гайтамашца, республикехь хьовха, ерриг а Оьрсийчохь иза хьалхарчу метте а йолуш".

Ирасхановн цIе хьехош ю байинчу нехан тептарца боьзначу "Новая газетан" талламехь. Цо бинчу хаамца, 2017-чу шарахь Дечкен-беттан 25-чара 26-чу буса тоьпаш тоьхна вийнера 27 стаг. Дийцарехь, уьш берш латтош хилла Кадыров Ахьмадан цIархчу хадаран-постийн декъах. Оцу хенахь цу полкана куьйгалла деш хилла полковник Ирасханов.

Европан адамийн бакъонашкахула кхело листа схьаийцира 2016-чу а, 2017-чу а шерашкахь байинчу нехан гергарчеран латкъам, яздо Кавказ.Реалиино.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG