ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Данехь дIадаьхна шайн бераш юхаделча даймахка бирзина доьзал


Данерчу берашна тIехь терго латточу хьукматаша хIусамера пхи бер дIадаьккхина хиллачу доьзалан аьтто баьлла, шайн бераш юха а дерзийна, даймахка бахка. ТАСС агенталле бина цунах лаьцна хаам оршотдийнахь доьзалан Полшерчу адвокато Ханзадян Бабкена.

"И гIуллакх дIадирзи. Полшин Iедалхоша пурба дели доьзална цхьанакхета. ДомбаевгIар Москва дIахьажийна, цигара Соьлжа-гIала кхочур бу уьш", - аьлла адвокато.

Дуккха а зама яра ДомбаевгIар Данехь беха, мухIажирийн статус а еллера царна. Залинин а, Артуран а пхи бер дара: 15 шо долу Муслим а, 14 долу Элина а, 11 шаре ваьлла Малик а, 10 шо дуьзна Мансур а, 3 шо кхаьчна София а.

Болчу хаамашца, 2017-чу шарахь хIусамда а, хIусамнана а дIасакъаьстина хиллера, цул тIаьхьа социалан хIукмато цаьргара схьадаьхна бераш кхаа доьзалехь дIатардинера. Данера къайлах шайн бераш Польше дIадига гIоьртинера да а, нана а, амма иза тусаделлачу пачхьалкхан Iедалхоша маса хаамбинера Шенгенан информацин системе.

Тересполехь дозанхоша дIалаьцнера и доьзал. Юха а цаьргара дIадаьхна бераш кхечу доьзале делира лелон. Полшерчу адвокаташа дехар динера кхеле, бераш дега, нене дIадалар доьхуш. Бяла-Подляска гIалин кхело юхаелира ДомбаевгIарна ден а, ненан а бакъонаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG