Карарчу шарахь Нохчийчуьрчу кхелан пурстоьпаша бакъо йоцуш махкахь хан йоккхуш хилла 106 кхечу пачхьалкхашкара вахархо араваьккхина, яздо "Чечня Сегодня" агенталло. Дийцарехь, доккхачу декъанна, Узбекистанера а, Таджикистанера а схьабевлла нах бу уьш.
Оьрсийчоьнан дозан тIехь цара низамаш дохийна хиларна бехке а бина, оьшу кехаташ а кечдина, кеманца дIахьовсийна мигранташ. Оьрсийчоьнан низамашца, гергарчу пхеа шарахь пачхьалкха бахка бакъо яц церан.