ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бехке бу бусалбанаш хиларна


Дербентан чоьхьарчу гIуллакхийн дакъа
Дербентан чоьхьарчу гIуллакхийн дакъа

Дербентехь лецначу кегийрхойн гергара нах полисхой кхето гIерта Ислам дин зулам ца хиларх


Карахь болчу ГIуран-беттан 12-чу дийнахь хан чекхъяьлла бакъо йоцуш герз лелорна а, террорхо хиларна а аьлла лаьцначу Барзукаев Исламан а, Курбанов Гасанан а бехктакхаман гIуллакх теллина чекхдаьккхина хила дезаш долу, яздо Кавказ.Реалиино.

Бехктакхаман гIуллакх толлуш ду цу шинна дуьхьал Мангалан беттан 15-хь дуьйна. Гергарчара дIахьедарш до, иза леррина кхоьллина ду бохуш.

Сихха таллам барх гIуллакх цахилла. Видеокамерина хьалха шаьшшиъ бехке хиларна къера хуьлуш къамелаш динчу цу шиммо, оццу хенахь дIахьедира шаьшшимма иза дийцира ницкъ барна аьлла. Марсхьокху-баттахь Дербентерчу чоьхьарчу гIуллакхийн декъера Барзукаевн а, Курбановн а гIуллакх дIахьажийра ХIинжа-ГIала. Цигахь иза талла йолаелира дийнна талламан тоба.

Бехкевеш волу ши стаг чувоьллира ХIинжа-ГIаларчу талламан изоляторна. ГIуллакх талларх лаьцна цхьа а информаци ца ло полисхоша. Бакъо ца ло я адвокатана Шамсудинов Тагирна а, я шаьшна фигуранташна а бехктакхаман материалаш йовза.

Ур-аттал талламхойн цIераш а хьулйина ю, зорбанан гIирсашна комментареш яц луш. Иштта, Кавказ.Реалиино чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан сервисе дина дехар дитина цхьа а жоп доцуш.

Барзукаев Исламна а, Курбанов Гасанна а бакъо ца ло гергарчаьрца цхьаьнакхета. Барзукаевн нана, Елена, дIалецира полисхоша тIаьххьара цу гIуллакхехула кхелан кхеташоне йоьдуш. Бахьана дара, цуьнан машенан номерш юхатоьхна хила мега аьлла шеко хилар.

Рабаданова Зейнаб ненайиша ю Курбановн. Цо дийцарехь, таллам барх лаьцна хIумма а хууш дац царна, цуьнан хан чекхяьллехь а. Амма талламхой хаттарш луш бу цуьнга а, Барзукаевн нене а.

Курбанов Гасан а, цуьнан ненайиша Рабаданова Зейнаб а
Курбанов Гасан а, цуьнан ненайиша Рабаданова Зейнаб а

Рабадановас бинчу хаамца, ГIура-беттан 12-чу дийнахь и шиъ Дербентехь полицин декъе леян тIекхайкхинера. Цуьнга хоьттуш хилла йишин кIант ламаз дан маца волавелла а, дин лело маца волавелла а, муьлхачу маьждигашка ахча луш хилла а, муьлха литература йоьшуш вара а, хьена хьехамашка ладоьгIуш вара а.

"Ас жоп делира, тхан доьзалехь ламаз деш массо а ву, со а, сан нана а аьлла. Ас хаьттира полисхочуьнга, шун полицехь ламаз деш цхьа а вац? Маьждигаш дар а, маьждиге лалар а цхьа а зулам дар дац. Кхин а цара хаьттира соьга аш я шун йишин кIанта терроризм къобал йой аьлла. Мила хила веза и стаг цу тайпаниг тхоьга хетта?", - дуьйцу Рабадановас.

Рабадановас бинчу хаамца, цхьа а динца доьзна дешар дешна вац Курбанов. 10 шо ду иза штораш юхкучу шен туьканахь болх беш волу. ХIусамнана а, цхьа шо кхаьчна жима кIант а ву Курбановн.

Барзукаев Исламан да нохчо ву. Цуьнан нана Барзукаева Елена бухгалтеран говзалла йолуш ю. Шех а, шен кIантах лаьцна а иштта дуьйцу цо: "Со цIера Сибрехара ю, Красноярскан махкара. 65 шо ду сан. 1980-чу шерашкахь хIусамдеца дӀасакъаьстинчул тIаьхьа сайн воккхахаволчу кIантаца Хакасерчу Саянагорске комсомолан Саянан алюминин завод ечохь болх бан яхара со.

Цигахь нохчо везвира суна, Рамзан цIе а йолуш. Товш а, куц долуш а вара иза. Спортхо а вара. Цунна Милана йоI йира ас, таккха вира Ислам. 1993-чу шарахь урамехь латарехь вийра иза, хьийзош волчу воккхачу стагана тIехIоьттича букъаюккъе герз а тоьхна".

Барзукаева Елена, Барзукаев Исламан нана
Барзукаева Елена, Барзукаев Исламан нана

Шен хIусамден нана ехачу Нохчийчу яхана хилла цул тIаьхьа Елена шен ши бер а эцна. Амма тIом хиллачул тIаьхаь 1997-чу шарахь хьал кхераме дуьсуш хиларна дIаяхана иза Нохчийчуьра.

"Иштта Дербенте кхечира со. Кхузахь бухгатеран болх бира ас маситта меттехь. Карарчу хенахь воккхахволчу кIентан доьзалехь ехаш ю со, масийтта кIентан кIант кхобуш. Со православин керстан дин лелош ю. Воккхахаволчу кIентан бераш а ду керстан динехь", - дуьйцу Барзукаева Еленас.

ГIуран-беттан 12-хь лейеш Барзукаеве хиттира Ислам бусалба дине муха веара а, Оьрсийчоьнан Iедалх лаьцна цунна хIун хета а, хаарий хьуна цо низамца йоцу тIеман вовшахтохар кхоьллина хиларх лаьцна а, бохуш.

"Ас боху, со хьийзош ву хьо? Бакъду, сан кIант бусалба ву, иза цуьнан ден лаам бара. Мангалан-беттан 15-хь лачкъийна ша дIавигча еххачу хенахь шена ток етташ ницкъбича, шена йиттича сан кIанта ша цалелийнарг тIеэцна. Цо даима а лелош дерг массара лело ислам дара. Иштта дIаязде, элира ас. Цара дIаяздира", - дуьйцу Барзукаев Исламан нанас Еленас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG