Нохчийн пачхьалкхан културан а, исбаьхьаллин а колледжан куьйгалло бакъ ца до, шаьш студенташ интернетехь яьржина клип бахьана долуш дIабаьхна бохург. "Чечня Сегодня" агенталле дийцина колледжан директоро Зубайраева Анжеликас хиллачух: "И шиъ доьшучуьра дIадаккхар бакъ ду, амма йиш лекхна аьлла, дIадаьккхина алар нийса дац. Колледжехь леларан низамаш дохийнера цу шиммо. Тхан устав тIехь яздина ду, колледжан территори тIехь съемка ян мегар дац аьлла. Со кхеташ яц, тхо беламе гайта гIерташ, тхан чохь долчуьнца хIун гIуллакх ду кеп-кепарчу хьостанийн.
И ши студент тхан тергонехь дара, кхоазза бехкаш даьхнера цаьргара, я деша схьалелаш а дацара и шиъ. ХIора неIар тIехь яздина ма ду – видеосъемка йихкина ю аьлла. Дешарца бала хиллехь, цу шинна а гур дара и йозанаш".
Маршо Радионо яздира, нохчийн пачхьалкхан Татаевн цIарахчу културан а, исбаьхьаллин а колледжан ши студент, цара яьккхина видеоролик бахьана долуш доьшучуьра дIадаьккхина аьлла, "Карфаген" Телеграм-канало Iорадаккхарх.