ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шеман инфраструктура меттахIоттош $700 миллион луш ду Оьрсийчоьно


Шемара Тартус база
Шемара Тартус база

Оьрсийчоьнан тIеман а, индустрин а хеттаршкахула волчу вице-премьеро Борисов Юрийс дийцина, Шемара лаьттан туьха доккху завод юхаметта а хIоттийна, регионерчу йохка-эцархойн могIаре яккха дагахь ю Москва аьлла. ТАСС агенталлана еллачу интервьюхь цо дийцинчух яздо "Настоящее время" хьостано.

"Хомсера химин комбинат меттахIоттош долийначу инвестицин контракташ кхочушдаран гурашкахь 200 миллилн долларшкахь ахча юкъадахийта лерина Кремло. Дахар а, экономика а меттахIотторехь шемахошна Iаламат мехала ю хIара гIулчаш. ХIунда аьлча, керла дуккха а белхан меттигаш лур ю оцу комбинато", - дийцина Борисовс.

Ишта вице-премьеро бахарехь, 500 миллион долларшкахь ахча хьажо Iалашо ю Оьрсийчоьне урхалла дан кхачийначу Тартус порт болхбан йолаялийта. 2017-чу шеран Дечкен-баттахь дийцадаьккхира, Оьрсийчоьнан а, Шеман а барт хиларх Тартусера база шоръян а, цуьнах пайдаэцар Оьрсийчоьне дIа а луш. Цкъачунна 49 шарна бу бина барт, кхин а 25 шаре дIабахбан а тарло тIейогIучу хенахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG