ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-гIалахь даьгначу цIа чохь ши зуда а, цхьа жимстаг а карийна


92, 68 шераш долчу шина зудчун а, 21 шаре ваьллачу жимчу стеган а декъий карийна Соьлжа-гIаларчу Октябрьскан кIоштахь даьгначу цIа чохь. Кхаарин Iуьйранна итт сахьт даьллачул тIаьхьа Орцуевн цIарахчу урамехь хIусамах цIе кхарстарх яздира Маршо Радионо. ЦIе яйинчул тIаьхьа орцанхоша арадаьхна цIа чуьра баьгначийн декъий. Талламан комитетан белхахоша талламаш болийна цу бохамна гонах. Белхаш бирзинчул тIаьхьа довзуьйтур ду цара шайн жамIаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG