ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров бахьанехь юкъаметтигаш къастор даьлла полице


Гетагазова Iайнаъ а, Кадыров Рамзан а, Халухаева Аза а (коллаж)

Материалан автор ю Кавказ.Реаллиин корреспондент Анна Пейсахова

ГIалгIашна вас хилла, шайн йиш лакхархочо Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга "даггара салам-маршалла" даларна

ГIалгIайн юкъараллин жигархочо Халухаева Азас дIахьедар дина, меттигерчу йиш лакхархочо Гетагазова Iайнаъа шена полице мотт бина аьлла. И бахьана долуш полисхоша таллам болийна.

Халухаевас дийцарехь, цу инцидентан бахьана ду артисто Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанна хьажийна йиш лакхар. Дукха хан йоцуш Соьлж-ГIалахь хиллачу концертехь Кадыровна хьалха лекхнера иза Гетагозовас.

"РогIера йиш ас хьажайо исбаьхьалла лоручу уггар тешамечу шен халкъана а, кхечу халкъашна а, массо а исбаьхьаллан гӀуллакххошна а, вайна массерна а дуккха а диканиг деш волчу стагана. Рамзан Ахматович, хIара йиш хьажийна ю хьуна", - элира 35 шо долчу йиш лакхархочо ша иза дIалакхале.

Композицин чулацам бу нохчийн лидер хестош.

"Салам, салам-маршалла хьоmга гIалгIайн махкара! Cалам! Cалам-маршалла дохьуш йогIу со. Ахь ницкъ белла хьайн махкана къага. " - йолало йиш.

Кхин дIа Гетагазовас шен гӀадъяхар хоуьйту Кадыровн "сийлахьаллах", иза "массерна а везаш" хилар а чIагIдеш: "Вевза хьо дуьненна вевза! Веза хьо, масссерна веза"!

ГIалгIайчоьнан бахархоша социалан машанашкахь иза тидина, йиш лакхархочо Кадыровга маршалла ерриг а республикан цIарх делла хилар санна. И бахьана долуш артистана луьра критика еш бу уьш социалан машанашкахь. Цу наха лаьрра "иза мерседесах йохкаелла" хилар. Цара кхайкхам бина цунна бойкот яре.

Ткъа меттигерчу юкъараллин жигархочо Халухаевас сацам бина йиш лакхархочуьнца цу хьокъехь йистъяккха. Кхубеттан 16-чу сарахь цо къамел дина артистан концертан директор йолчу Гетагазова Лизица, иза ю йиш лакхархочуьнан нана.

"Ас иза кхетийра цуьнан бакъо цахиларх, дерриг гIалгIайн халкъан цIарх маршалла дала. Халкъо цу хьокъехь бакъо ца еллера цунна. Со а, сан доьзал а дакъа ду тхан халкъан, ткъа оха Кадыровга шега цхьа а маршалла ца дахьийтинера. Къамел а дина, лортIехь дIасаелира тхойша, вовше кхин реза цахилар а доцуш. Соьгахь дIаяздина ду и къамел, иза дIаяздеш видеорегистратор яра машенчохь", - дийцина Кавказ.Реалиин корреспонденте Халухаевас.

"Кадыровхошка ницкъ бойту кхерам тесира"

Цул тIаьхьа маситта сахьт даьлча буьйса кIоргене яхна а йолуш, ша Гетагазовас шега телефн туьйхира боху жигархочо. Цо чIагIдарехь, Гетагазовас сий а дайина, кхерам а тесна цунна а, цуьнан доьзална а, кадыровхошка ницкъ бойтур ба ша аьлла. ТIаккха цу шиммо барт бина вовшахкхета.

Амма и вовшахкхетар ца хилла.

Кадыровс "лайк" хIоттийна Гетагазована Instagram-хь
Кадыровс "лайк" хIоттийна Гетагазована Instagram-хь

Кавказ.Реалиино яздарехь, ГIуран-беттан 17-хь Iуьйранна хиина йиш лакхархочо Магасерчу полице заявлени яздина хилар, Халухаевас шен нанна кхерамаш тийсина хиларх лаьцна.

Цу кехата тIехь буьйсанна хилларг къаьсташ ду Халухаевас дуьйцучух: "Магасе машенахь еанчу цхьана зудчо сан нана аракхайкхинера. Цо кхерамаш тесна, нагахь ГIалгIайчохь сан концерташ хилахь, со ен мегаш ю аьлла. Зудчун лелар лортIахь дацара, сан нана машена а хаийна, неI дIа а къевлина, иза ара ца йолуьйтуш латтийна цо".

Гетагазовас дехар дина полисхошка шен бакъонаш ларъяхьара аьлла, и кхерамаш тийсинарг Халухаева Аза хилар а хоуьйтуш. Полицино таллам болийна.

ГIуран-беттан 17-чу дийнахь Халухаевага маситтоза телефон тоьхна хилла куьпарчу полисхочо а, ша Гетагазовас а. Сарахь жигархо ша яхана полицин декъе. Цигахь цо дIахьедар дина йиш лакхархочо мелхо а шена кхерамаш тийсина аьлла. ХIинца Халухаева дагахь ю Гетагазована латкъам беш полице кехат чудала.

"Кавказ.Реалиино" яздарехь, Халухаева Аза гIо деш ю Магасехь Зазадоккху-бетан 26-хь хиллачу митингаца доьзначу бехк-такхаман гIуллакхехула лецначу нахана. Царна кхачанан сурсаташ гулдеш а, уьш талламан изоляторшкахула дIасакхоьхьуш а ю иза.

Гетагазова Iайнаъ ю ГIалгIайчоьнан сийлахь артист, ткъа кху деношкахь цунна елла Нохчийчоьнан халкъан артистан цIе. Керлачу статусах лаьцна тоьшалла цунна караделира Кадыров Рамзана.

Билгалдаккха деза, Гетагазова Iайнаъан Кадыровца дика юкъаметтигаш хилар. Нохчийчоьнан куьйгалхо язвелла ву цуьнан Instagram-чу агIоне. Кадыровс сих-сиха "лайкаш" хIиттайо йиш лакхархочунна, яздо Кавказ.Реалиино.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG