ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хадархо хилла ву ФСБ-на тIелеттарг


Еаридийнахь Москварчу ФСБ-н гIишлон гергахь герзаш диттинчу Манюров Евгенийн нанас дийцина хаамийн гIирсашка, тIаьххьарчу шерашкахь шен кIант хадархо вара, амма масех бутт хьалха балхара дIавелира иза аьлла. "Baza" хьосто дийцарехь, цо болх бинчех ю "Вымпел" спецназан ветеранашца йоьзна йолу "Вымпел-резерв" компани а.

Манюровн нанас дийцарехь, эскархойн могIарехь хилла вац цуьнан кIант. Жимчохь боксах лата Iемина вара. Герз кхосар дезаш а хилла, 3-4 шарахь Iаморашка лийлира иза аьлла, дийцина цо "Комсомольская правда" газете. Герз кхусуш гIалахь хIитточу турнирашкахь дакъалоцуш хиллера иза боху "Baza" гIирсо. Бутт хьалха цу кепарчу къийсадаларшкахь 3-гIа меттиг яьккхинера цо.

ХIусамнана а яцара цуьнан, уллора доттагIий а бацара, нанас дийцарехь. "Цхьана Iарбошца" зIенаш хуьлура цуьнан тIаьххьарчу заманчохь, къамел ингалсан маттахь дора, цундела шена ца хаьа цара хIун дуьйцура боху нанас. "Кгбшникаш бIаьргабан ца безара" шен кIантана аьлла нанас "Baza" хьостане.

"Комсомольская правда" газетано дийцарехь, Манюров вехачу меттигехь яздина ду ворхI тайпана герз. "Baza-с" а, РЕН-ТВ-с а хаамбо, яхначу буса иза вехачу цIийнах хьовсарх. Ницкъахоша дIадаьхьна документаш, электронан дискаш а, герзана делла кехаташ а.

ТIелеттарг 39 шо долу Манюров Евгений вара аьлла, Iорадаьккхира масех хаамийн гIирсо. Москван кIоштарчу Подольскера хилла иза.

Маршо Радионо яздира, еарин суьйранна вевзаш воцчу стага, хетарехь, Калашниковн автомат йиттина Лубянкерчу ФСБ-н гIишлонна хьалха. Къайлахчу сервисийн юкъараллаца зIенаш латточу Центро хаамбарца, суьйранна 18:10 минот яьллачу хенахь ФСБ-н гIишло чохь долийна герз детта.

ТIаьхьо ФСБ-н пресс-гIуллакххоша Iорадаккхарца, тIелатар динарг цхьаъ ву, ФСБ-н гIишло чу кхача аьтто ца баьлла цуьнан.

Цхьана ханна Москвахь "Сирена" план а йолийна, Лубянкина гонахара масех урам дIа а лаьцна, лаьттира герзаца болу нах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG