ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоь. Оьрсийчоьнан минаша хIинца а дойуш ду адамаш


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Лаьманшкахь а, хьаннашкахь а нохчашна коьрта кхерам бу минаш

Орцаллин министралло (МЧС) бинчу хаамца, 2019-гIа шо доладелчхьана Оьрсийчохь хIаллакйина ШолгIа дуьненан тIом боьдучу хенахь дуьйна эккхаза йисина 60 эзар гергга кхераме хIума. 70 шо даьлча а кхерам буьсуш бу бомбанна, гранатина я минина тIеIоттаваларан, яздо Кавказ.Реалиино.

Минина тIехь эккха болу кхерам кхин а лакхара бу 20 шо хьалха жигара тIемаш хиллачу Нохчийчохь. 2019-чу шарахь 58-чу армин саперашна карийна Къилбаседа Кавказехь 6 эзар гергга оьккху хIума. И терахь 20 процент алсамду 2018-чу шарахь хиллачул а.

Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а карийна эккхаза 2000 мина а, бомба а, граната а. Къилбан тIеман гонан зорбан сервисо бинчу хаамца, царах доккхах долу дакъа карийна Нохчийчоьнан территорина тIехь, коьртачу декъана ТIехьа-Мартанан а, Хьалха-Мартанан а, Гуьмсан а, Соьлжан а кIошташкахь.

1990-2000-чу шерашкахь ехкинчу минех Нохчийчоь цIанъяр дIадоьдуш ду 2012-чу шарахь дуьйна. Цкъа дуьххьара Iедалша дIахьедар дира кхераме территорин майда 16 эзар гектар ю аьлла. Ткъа хIинца эскаран векалша чIагIдо, шаьш минех 20 эзар гектар дIацIанйина бохуш.

И латтанаш ду юьртбахаман а, хьуьнан фондана юкъадогIуш. Сапераш болх болийчхьана хIаллакбина 37 эзар кхераме тIеман гIирс. Делахь а, бахархошна ца хета шаьш кхерамазаллехь ду аьлла.

2016-чу шарахь Нохчийчохь минаш дIайохучу саперийн тобан коьртехь волчу Моторин Михаила Кадыров Рамзанца шен хиллачу цхьаьнакхетарехь дIахьедар дира, республика кхераме тӀеман гӀирсах дIацIанйина девр ду шаьш гергарчу шина шарахь аьлла. Амма дагалаьцначу хеначохь и болх дIаберзо ца ларийна уьш.

Дукха хан йоцуш социалан машанашкахь яьржира нохчийн лаьмнашкахь яьккхина видеоролик. Цу тIехь шена карийначу минана гонаха тIулгаш дохкуш воллуш ву цхьа стаг. ТIе тидам бохуьйтуш ду кхераме герз карорна цу стагана гонах болу нах я боьхна а, я синтембайна а ца хилар. Цхьаммо а телефон ца туьйхира я саперашка, я орцанхошка а, я полице а. Меттигера бахархой боьлла минех.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллехь болчу хаамца, 1999-чу шарахь дуьйна Оьрсийчоьнан салташа лаьттах йоьллина ах миллион сов мина. Нохчийчуьрчу Iедалша дийцарехь, минаш лелхар бахьана долуш вийна я заьIап висина 10 эзар гергга стаг. Царна юкъахь дуккха а ду бераш.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан инарлин секретаран лерринчу векало Отунну Олара шен Къилбаседа Кавказера визит дIаерзош зорбан конференцехь элира, тIеман конфликт дIайоьдуш 7-10 эзар стаг иккхина фугасан минашна тIехь аьлла. Царах ах сов бераш ду, бохуш вара Отунну.

Тахана минаш лелхий бойурш а, чолакх бийраш а бу ломаца а, лаьмнашкахь а йолчу кIошташкахь хьонга баккха боьлху а, даьхни дажош лела а нах.

Минаш лилхина кхелхинчу а, эшам хиллачу а нехан гергарнаш гIоьртира адвокаташкахула хилла зен меттахIоттош кхеле бовла, амма цунах гIуллакх цахилира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG