ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сталинан 140 шо кхачар даздина БуьритIехь


Сталин Иосиф вина 140 шо кхачар даздеш, йоккха концерт хIоттийнера БуьритIехь. Оцу барамехь дакъалаьцначарлахь бара коммунистийн партин декъашхой а, иштта тайп-тайпанарчу доьшийлашкара студенташа а. Оцу дийнахь лерина дешарна юкъахбаьхнера уьш бохуш, дуьйцу корреспонденто. Меттигерчу КПРФ-н декъашхоша вовшахтоьхнера дIаяьхьна концерт. БуьритIерчу барамехь дакъалаца баьхкинера Къилбаседа Кавзазерчу республикийн векалш а. «Кавказ.Реалиин» корреспондентца къамел динчу КПРФ партийн декъашхоша бахарехь, Сталине боккха ларам бу церан а, йоллу Кавказан а, хIунда аьлча, иза хIири хилла дела. Бакъду, шайна Сталинах хетарг ала ца хIиттира студенташ.

XS
SM
MD
LG