ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоь харцхьадоккхуш ю ШолгIачу дуьненан тIеман сурт - Польша


Оьрсийчоьнан Iедалша харцхьадоккхуш ду ШолгIачу дуьненерчу тIеман сурт, дIахьедар дина Польшин арахьарчу гIуллакхийн министралло. Цу кепара комментарий йина Варшаво Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира тIом болалуш хIоьттина хиллачу хьолах лаьцна дийцинчун.

Чиллан-беттан 19-хь Оьрсийчоьнан президенто дIахьедар динера, Советан Союз тIаьххьара пачхьалкх яра Германица вовшашна тIелетар дац аьлла барт бинарг. Путина иштта дIахьедар дира "Польша дакъалоцуш яра Чехословаки йоькъуш" аьлла.

Польшин арахьарчу гIуллакхийн министралло Путинан дешнаш тера ду аьлла "Сталинан тоталитаризм йолчу хенахь хиллачу пропагандин дIахьедаршца".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG