СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхехь кхел кхайкхийна журналист Хашогги (Хашакджи) Джамал къиза вийначу нахана. Цунах лаьцна хаам бина Bloomberg агенталло.
СаIудийн пачхьалкхан прокуроро дIакхайкхийна суьдхоша вен кхел йина хиларх лаьцна журналист вуьйш дакъалаьцначу 5 стагана. Кхин а кхо стаг чувоьллина, 24 шо набахтехь даккха хан а тоьхна. Верриг а цу бехктакхаман гIуллакхна юкъаозийна вара 11 стаг.
The Washington Post газетан колумнист Хашогги Джамал вийра 2018-чу шарахь ГIадужу-беттан юьххьехь Истанбулерчу консулаллехь.
ТIаьххьарчу шерашкахь Эр-Риядан Iедалхошна шога критика йора цо. СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхан лаккхара Iедалхой бехке бу аьлла хета туркойн а, Iамеркахойн а къайлахчу сервисашна Хашогги верна.