ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Болх беш уггар кIезиг хан йойу Нохчийчуьрчу божарша


Соьлж-ГIала
Соьлж-ГIала

Болх беш божарша уггар кIезиг хан йойу меттиг ю Нохчийчоь. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Оьрсийчоьнан Росстато арахецначу хаамехь.

Нохчийчуьра божарша хIора кIиранах болх бо юккъерчу барамехь 34,6 сохьтехь. ШолгIачу меттехь йолчу ГIалгIайчохь и терахь ду - 35,8 сахьт. КхоалгIачу меттехь бу божарша хIора кIиранах болх беш 36,3 сахьт дойу Алтайн мохк.

Росстато далочу терахьшца, балхахь уггар дукха хан йойу Тамбовн кIоштахь бехачу божарша - 41,6 сахьт кIиранах. Ерриг Оьрсийчоь схьаэцча, 209-чу шеран тIаьхьарчу кхаа баттахь юккъерчу барамехь божарша болх бина хIора кIиранах 38,8 сохьтехь.

Зударшна юкъахь и терахь ду Оьрсийчохь - 35,4 сахьт.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG