2020-чу шарахь Товбеца беттан 1-чу дийнахь дуьйна коммуналан хьашташна мехаш тIетухур бу Оьрсийчохь. Уггар лекха хир бу уьш Нохчийчохь, хаам бо "Известия" газето Федералан антимонополин сервисна (ФАС) тIе а тевжаш.
Иштта, тIедогIучу шеран аьхка дуьйна коммуналан хьаштийн мехаш 6,5 процентана лекхара хир бу хIинца болучарел а. Ерриг Оьрсийчохь юккъерчу барамехь уьш алсамбевр бу 4%.