ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Цуьнан аьшпаша къаьсттина дакъаздаьккхира лецначаьргара хьал»


Беслан. №1 школехь бераш хIаллакдина де дагалоцуш.
Беслан. №1 школехь бераш хIаллакдина де дагалоцуш.
Скворцов Глеб

Бесланера школа закъалте эцна Iен тIемалой дарбора Песковн аьшпашца, цо талхийра берашкара а, церан дай-наношкара а, хьехархошкара а хьал, аьлла ду, Iедале рогIехь бехкбоккхуш, «Бесланан наной» комитето даржийна дIахьедар.

Дукха хан йоццуш Песковс, массо а кепара медицинан а, психологин а аьттонаш латтабо бесланхошна, аьлла къамел дарца доьзна ду юкъаралло яздинарг.

Бесланехь школа закъалте лаьцна латточу хенахь Песков вара хьолах йолчу информацех жоп луш. Тешаша чIагIдарехь, ХIирийчоьнан куьйгалхочун пресс-гIоьнчига Дзугаев Левга аьшпаш цо буьттуьйтуш хилла, школи чохь кхобу нах дукха бац, бохуш.

"Оцу аьшпаша долучунна тIе а дохадора закъалте лецначийн хьал. Гарехь иза (Песковс – ред.) дохко ца ваьлла ша лелийначух, ца кхетта, ша мел доккха зен дина хIетахь. 15 шо даьлча а ду цо дийриг изза – гIо оьшучу нахана зулам деш воллу. Песковга, лоьрийн якъо яц, дерриг а дика ду аьлла, ткъа цо ца теллина иза мел бакъ ду», - боху «Бесланан наной» комитето.

Зударша кхойкху Песков шайн гIала, цигахь гур ду цунна, боху, мел тиша ду закъалте лецна хиллачу нахера хьал. Школехь 354 стаг бен вац Песковс аларо мел оьгIазбахийтинера тIемалой, цара муха дийкхира иза наханна гур ду цунна, вагIахь, яздо юкъаралло.

"КхидIа оха гойтур яра цунна талоро йитина лар, хьожур вара иза, муха гIо-накъосталла до лоьраша. Закъалтехь хилла нах цхьа евзаш а йоцу симптомаш ловш, коьртан лазарша хьийзош беха», - боху бесланхоша.

ДIахьедар дина зударша доккхачу декъанна Винокурова Екатерина, Путине бесланхойн хьокъехь хаттар дина журналист, Iалашъярхьама. Цо хаттар дарца доьзна, иза президентан гонерчу Адамийн бакъонийн кхеташонера дIаяккха мега аьлла бу прессехь баьржина хаам.

«Бесланан наноша» дийцарехь, яхначу аьхка еанна, шен бIаьргашца хьал зуьйш лелла ХIирийчохь Винокурова.

"Шена гинарг президенте дIакхачо къонахалла карийна журналистна. Доьналла долчу, къинхетамечу оцу зудчунна баркалла боху оха. Песковга а, цуьнан гоне а Iехабойтур бац Оьрсийчуьра бахархой, Путине бакъдерг дIааларна йойтур яц Екатерина хIаллак», - дIахьедина «Бесланан наной» юкъаралло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG