ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Норильскерчу прокурораша харцдо шаьш инарлин прокуроре Гутаевна арз дина бохург


Гутаев Хаваж-Бауди (аьтту агIорхьара)
Гутаев Хаваж-Бауди (аьтту агIорхьара)

Красноярскан махкарчу Норильскан гIалан прокуратуран белхахоша харцдина шаьш Оьрсийчоьнан инарлин прокуроре Чайка Юрийге шайн хьаькамна Гутаев Хаваж-Баудина арз дина бохург. "Коллективо цу тайпа арз ца яздина", - аьлла «Сибирь. МБХ медиа» зорбан гIирсан корреспонденте цу гIалан прокуроран коьртачу гIоьнчо Образцова Анастасияс.

Еарин дийнахь Оьрсийчуьрчу зорбанан гIирсаша арз даржийра иза Норильскан прокуратуран белхахоша Оьрсийчоьнан инарлин прокуроре бина кхайкхам бу аьлла. Цу тIехь кху деношкахь кхаъ эцарна шеко йолуш лаьцна волчу Норильскан прокуроран декхарш кхочушдириг волчу Гутаевн коллегаша яздо Нохчийчуьра схьаваьллачу цо шаьш хьийза дора, цуьнан доттагӀаллин юкъаметтигаш ю Нохчийчохь болх бина а, Кадыровн цIарх орден елла а волчу Краснодаран мехкан прокурорца Савчин Михаилца бохуш.

Цул сов, арз динчу прокурораша дуккха хIуманаш ду цу тIехь дагардеш Гутаевна бехке дохкуш, шайна юкъахь "оьрсийн къомах бахархой" цабезар а, "Исламан пачхьалкх" тоба хьехор а, "дийнахь маситтоза шен кабинетан чохь "къоман маттахь" ламаз" дар а, Далла гIуллакх деш "когахь пазаташ а йоцуш, кIархаш боьхна лелар" а долуш.

Иза хIинца харц до цуьнан коллегаш, хаам бо Тайга.инфо сайто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG