ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь лаьцна Илаев Амхьад дIахецар доьху Радан 8 депутато


Украинин Лаккхарчу Радан 8 депутато кхеле дIахецар дехна 33 шо долу Нохчийчоьнан вахархо Илаев Амхьад. Цунна экстрадици яр доьхуш ю Оьрсийчоьнан Талламан комитет. Цунах лаьцна Кавказ.Реалии корреспонденте хаам бина нохчочун адвокато Ангелин Ивана.

Адвокато дийцарехь, депутаташа доьху Илаевн гIуллакхах йист яллалц цуьнан лаьцна латторан кеп хийцар.

Оьрсийчоьно Илаев бехке веш ву Нохчийчохь 5 стаг верна. Цуьнан адвокаташа чIагIдо и зулам деш иза республикехь ца хилла бохуш. Илаев а, цуьнан жимаха волу ваша а дIавахара Оьрсийчуьра шаьшшина гергара кхо стаг ницкъаллин структурийн белхахоша лаьцна дIа а вигина вийначул тIаьхьа.

Илаев талламан изоляторера аравалийтар дехначарна юкъахь бу президентехьа йолчу "Слуга народа" фракцин а, Оьрсийчоьнехьа йолчу “Оппозицонная платформа — За жизнь” фракцин а, ткъа иштта хIинца йолчу а, хиллачу а Iедалийн командашца боьзна боцу а депутаташ.

Хьалхо Украинин миграцин сервисо юхатуьйхира мухIажиран статус йоьхуш Харкован кIоштахь лаьцна волчу Илаевс дина дехар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG