ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кавказ трендехь яц?



Материалан автор "Кавказ.Реалиин" корреспондент Волкова Алиса

Къилбаседа Кавказан регионаш аутсайдерш евлла Къаьмнийн туристийн рейтингехь. Билггал туристаш леста цу мехкашка?

ТIаьххьарчу заманчохь Кавказехь туризм кхуьуш ю бохуш, меттигерчу каналаша дийцина а ца Iаш, федералан тIегIанехь а дийца даьккхина. Делахь а, "Отдых в России" журналан а, "Рейтинг" цIе йолчу информацин коммуникацийн Центран эксперташа а 2019-чу шарахь юкъахь хIоттийначу рейтингехь, массо а регионаш а бохург санна, тIаьххьарчу могIаршкахь нисъелла.

Къилба-ХIирийчоь
Къилба-ХIирийчоь

67-чу меттигехь ю ГIебарта-Балкхаройчоь, Нохчийчоь - 71-чу, Къилба ХIирийчоь – 76-чу, Кхарачойн-Чергазийчоь – 78-чу, ГIалгIайчоь 81-чу меттигехь.

Ставрополан кIошт а, Дагестан а жимма лакхахь нисъелла. Кавминвод рейтинган 12-чу могIарехь ю, ткъа Дагестано - 47- гIа меттиг дIалаьцна.

Авторша билгалдаккхарехь, рейтинг хIотточу хенахь чоьте эцна субъектерчу хьешан хIусамех, церан таронех, туристийн фирмех, цигахь болх бечу нехан терахьех, тIебогIу пайда, туристашлахь меттиг гоьяьлла хилар, културин хIолламаш, шира меттигаш а. Ишта зийна регионехь зуламаш латтаран хьал а.

Лидершлахь ю Москва а, Санкт-Петербург а, Москван кIошт а. Кавказ йоцург а аутсайдершлахь билгалъяьккхина Ненецкан автономин республика а, Еврейн автономин кIошт а, Чукотка а.

"Къилбаседа Кавказе Iаьнан заманахь вахана дан хIума дац. Цундела Стигалкъекъа-баттера ГIадужу-батте кхаччалц дукха туристаш лаьтта цигахь", - аьлла оьрсийн "Туртрансвояж" фирман куьйгалхочо Гончар Татьянас.

Европе а санна, туристаша аьхкенна меттигаш дIалоцу Кавказе бахка, Гончара бахарехь. ХIинцале а тIейогIучу аьхкенан Марсхьокху-баттахь Кавказе бахка луучу 27-ммо меттигаш дIалецна боху цо.

"Схьайиллина керла агIо ю иза, - билгалдоккху Гончара. – Олийла дац, и меттиг Iаламат гоьялла ю. Инзаре хета. Масала, Калининград а, ГIирма а гуттар хоьтту, интересе а лору".

Кавказе садаIа бахийтар вовшахтухучу хенахь цхьа могIа проблемаш Iиттаелира шайн туроператоран бохуш, дуьйцу Гончара: "Цкъа делахь, и проблема йоьзна ю санитаран зонашца. Тхайн ма-хуьллу хьаштагIашца доьзна кхачамбацарш нисдан гIерта тхо. ШолгIа проблема ю - кавказхойн отелашкахь къаьстина маьнганаш чохь долу чоьнаш дукха цахилар. Дукхахболу туристаш шаьш хуьлу, цхьана накъост а воцуш. Хала хуьлу тхуна иштачу хьелашкахь, цундела ул-уллохь йолчу отелашкахь меттигаш нисбо оха царна, уьш дIанисбан гIерташ".

Делахь а, туристаш реза хуьлу боху "Туртрансвояж" фирман куьйгалхочо: "Шаьш юхабирзинчул тIаьхьа баркаллица кехаташ яздо цара тхоьга. Iаламан хазаллех баккхийбоь уьш".

Кавказе кхечу пачхьалкхашкарчу бахархошна тураш вовшахтухург ю Caucasus Explorer компани ю. Кху шарахь 35 тур вовшахтуьйхира цара, царех цхьа дакъа тобанашца баьхкинера, вуьйш шаьш бара.

Компанин директора Лемешев Сергейс бахарехь, дукха хьолахь Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкара а, Великобританера а, Германера а, Францера а туристаш бу Кавказе кхерсташ, тIаьххьарчу хенахь ишта Гонконгера а, Тайванера а цхьана.

Лемешев тешна ву, дозанал а арахьара туристаш чуэхар дозанхоша шо шаре шайн болх дика беш хиларца доьзна ду аьлла. "Нагахь санна, визанаш яха электронан кепехь таро хилча, туристаш кхин а алсамбевр бара. Цул совнах, юх-юха Оьрсийчу ван магош а ца хуьлу туристийн виза. Оцо а новкъарло йо", - боху Лемешевс.

Делахь а, компанин урхалхочо дийцарехь, церан фирма къахьоьгуш ю, туристашна меттигаш хазъян гIерташ. Шайн ма-хуьллу трекинган туризм яржон хьийза уьш, Iаьржачу хIордайистера Каспийскан хIордане кхаччалц гIаш маршрут юьллуш.

ХIоттийначу рейтинге шеконашца хьуьйсу хьаькамаш. Къилба-ХIирийчоьнан туризман комитетан куьйгалхочо Кодзоев Заура чIагIдо, субъекташлахь къоман шира синбахамаллин мехаллаш дукха хиларна Къилба-ХIирийчоь Оьрсийчоьнан кхаа субъекташлахь хила йиш йолуш яра бохуш.

"Официалехь дIаязйина а йолуш, 66 отел ю тхан. Дукха дика аьтто хуьлу тхан чуоьху туристаш дIанисбан. Нагахь санна, туристаш совбовлий, хьешан хIусамаш кхин а схьайоьллур ю оха. Тхо 76-чу меттигехь хилар къовсур дара ас. Вуьшта, Москваца а, Питерца а къийсадала таро яц тхан. Провинци коьртачу шахьарца юстар суна башха нийса а ца хета", - боху Кодзоевс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG