ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь наха вовшашна герзаш деттар талла долийна


Хьалха Орджоникидзевски олуш хиллачу ГIалгайчуьрчу Соьлжа юьртахь, стаг а вуьйш, наха вовшашна герзаш деттар зуьйш бу кIоштара талламан комитетан белхахой, хаамбина оцу хьукматан пресс-гIоьнчалло.

«Стаг вер», «низам а талхош, герз лелор», «цхьаъ я цул сов адам ден гIортар» олу бехктакхамаш бу талла безаш.

Цкъачунна лаьцначийн яьхначу цIерашлахь ву Несар-Коьртера 36 шо долу вахархо. Иза куьг-бехке лору 43 шо долу соьлжахо Евлоев Асламбек верна.

Оршоьтан буса Соьлжехь цхьанакхетта хилла шина тайпан нах – хамхой а, полонкой а. Къовсам дIахьош даьхна хилла цара травматан а, цул кхераме а герзаш. Цхьаъ верал а сов, 6 стаг лазийна даьллачу девнехь.

Вийначун тайпанах волчу Бузуртанов Бамат-Гирис гIалгIайн маттахь Ватсапехула даржийна, шаьш жоп доьхур ду шайн стаг вийначуьнгара, аьлла. Цо бахарехь, къастор ду лаьмнашкара латтанаш хьена ду а.

Селхханехь Несар-Коьртехь дIавоьллина вийнарг.

Хьалхо Маршо Радионо хаийтина ма-хиллара, лаьмнашкара латтанаш а, бIаьвнаш а къовсуш иккхина хилла дов, юьхьанца – социалан машанашкахь, тIаьххьара а – нах лата вовшахкхетарца. Шайн къоман истори къуьйсурш бу йовлой а, поаланкой а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG