ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьарам дуй Керла шо даздар?


Соьлж-ГIала, 23 ГIуран-бутт 2019 шо

Муха тIеоьцу Нохчийчуьрчу бахархоша чекхдаьлла Керла шо даздар

please wait

No media source currently available

0:00 0:04:00 0:00
Линкана тIе

Нохчийчуьрчу таханлерчу Iедалан белхахошна чIогIа деза Керла шо, цунна кечбала буьйлало уьш Лахьан-беттан чакхенехь дуьйна, яздо Кавказ.Реалиино. Аллейшкара дитташ кечдо километаршкахь бес-бесарчу чиркхийн кочаршца, ткъа керлачу шеран ГIалийтIара база, даима а санна, "уггар" олучу статусехь хуьлу меттигерчу рейтингашкахь. Цуьнца цхьаьна Керла шо даздар хьарам лоруш а ду. И дезде тIекхочуш социаланаш машанашкахь дуккха а акцеш хилира, сакъерарехь дакъа ма лаца, бохуш бусалба нахе кхайкхамаш беш.

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, интернетерчу цу акцех лаьцначу хаттарна жоп луш, ца хIоьттира исламехь Керла шо даздар магийна хиларх лаьцна тоьшаллаш дало. Цуьнан метта цо дIахьедар дира, и тайпа "хIуманаш яздийраш хьарам дерг а, хьарам доцург а хIун ду ца хуу къинош летош болу нах бу", аьлла.

Цул сов, цо дIахьедар дира, "Ичкери йолчу хенахь а хIиттадора даккхийн база дитташ. Масхадовн а база дара, Басаевн а база дара, амма цунна дуьхьал хIуманаш дийца буьйлабелла хIинцца" аьлла.

Кадыровс дийцарехь, цо леррина хIиттийра керлачу шеран дитташ массанхаьа иза дан аьтто болчехь, "массарна а гайта а, хаийта а".

2015-чу шарахь республикан куьйгалхочо базана уллехь, рагI а хIоттийна, Iедалхой дIахIитта бора, цаьрга керла шо даздарца йоьзна шена байташ йоьшуьйтуш.

"Кавказ.Реалии" корреспонденто хаьттира Нохчийчуьрчу бахархошка, хьарам хетий шуна Керла шо даздар аьлла.

"Ас ладоьгIна дуккха а Iелим наха бечу хьехамашка. Цара хьарам ду боху бусалба доцу дезденош даздар. Ца хаьа суна, билггал жоп ца далало соьга. Суна хезна бусалба доцчу дезденошкахь мегар дац, дезде даздечарах дIатарцавала, ур-аттал кхача кечбан а могIарерчу деношкахь кечбеш боцу бохуш", - ойла ю 44 шо долчу Залпаъан. Цо дийцарехь, зуда "даима а чохь хиина Iаш Iедал ду Керлачу шарахь", ткъа хIинца а хIара ду аьлла цхьа а хIума ца дира цо.

18 шо долчу экономикан а, урхаллан а колледжан студентана Асетана хетарехь, и дезде даздар дихкина ду, амма цуьнга хьаьжна доцуш самукъадаккха араелира иза.

"Суна хаьа Керла шо бусалба нахана хьарам хилар. Амма хазахета суна цуьнца доьзнарг дерриг а: арахь долу хьал а, дог-ойла а керлачу шеран ю. ХIара де кхин денош санна дац".

КIоштан администрацин белхахо Хьамид воккхавеш ву дездийнах.

"КIезиг нах бу иза бусалбанашна даздан мегар цахилар дагадогIуш. Кхечу гIаланашкахь цу гIуллакхца доьзнарг муха ду ца хаьа суна, амма оха тхайга далург дерриг а дира. Иза дара арахь а, чохь а, телефонехь а и Керла шо, цунна юьстах вуьсийла дац", - дийцира цо.

26 шо долу ГIалийтIара вахархо Турпал-Iела дIоггара баш тIаьхьа кхуьуш вац Керла шо хьокъехь дино шега хIун боху.

"Суна ца хаьа и хьарам ду я дац. Цхьаммо а ма ца бохий вайга базана гонаш туьйсуш дуккха деланийн ритуалаш дIахьо. Маларш моьлуш хIума лелош хиллехь хьарам хир дара иза. Ткъа беза-бевзачаьрца цхьаьнакхетарна, суна ца хета, оха цхьа къа латийна аьлла", – дийцира цо.

58 шо долу Зулихан тешна ю Керла шо исламо дихкина ду бохучух, амма шен берийн бераш цу дезчу дийнах ца дахаделира цуьнга.

"Суна ца хета, суна хаьа иза къилахь дуй. Ас цкъа а ца даздина иза, сан дас-нанас а ца даздина. Амма берийн берашна ас совгIаташ дийкъира. Царна школашкахь луш дерш совгIаташ ду олийла а дац. Уьш ладоьгIуш ма Iийний оцу дездийне, суна ца лаьа церан догдохо.

Зулихана боху, ша "доллучух а кхетор ду бераш, уьш даккхий хилча".

Ткъа 18 шо долу ГIалийтIара Ахьмад реза вац Керла шо даздар хьарам ду бохучу "интернет-молланашна".

"ХIора шарахь меттахбовлу и интернет-молланаш. Церан агIонашка хьаьжча моьттар ду, царал а бакъхьа нах кху дерриг а дуьнентIехь бан а бац. Нагахь даздан шайна ца лаахь, цхьа а вац царга иза дайта гIерташ", - эргIадвуьйла жима стаг, яздо Кавказ.Реалиино.

Путин - даиманна а президент?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG