ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Жоьжахате экскурси. 1995-чу шарахь Соьлжа-гIалахь динчу тIелатарх


Материал зорбане яьккхина "Свобода" Радионо

1995-чу шеран Дечкен-беттан хьалхарчу деношкахь Соьлжа-ГIала боьдучу новкъахь тилалур вацара: цхьа шатайпа маяк хиллера, ишта а кхоьлина, стигал макхъеш гIаьттинчу Iаьржачу кIурх. ЦIе кхерстара мехкадаьтанах а, резервуарех а, бурух а. Карзахъяьллера "керлачу шеран" я цIе яхна "Iаьнан" Соьлжа-гIалахь 1994-чу шеран ГIуран-беттан 31-чу буса дуьйна йолийна штурм, яздо "Свобода" Радиос.

Бакъду, хIуммаъ хала дацара оьрсийн эскаро гоне ерзийначу нохчийн шахьара кхача – ГIалгIайчуьра Соьлжа-ГIала, тIаккха Минутка олучу майдане кхача.

Слепцовскера Соьлжа-ГIала боьдучу новкъахь кехаташка хьожуш стаг а вацара, цхьа а блокпост яцара. Бакъду, гIала чувуллучохь бетонан блокех йоьттина ГАИ-н пост яра, ха деш стаг а воцуш. Некъ маьрша бара, "Останкинехь" гIала федералан эскарша дIалаьцна ю баьхнехь а.

Йоллу Нохчийчоь а, Соьлжа-ГIалин кхоалгIа дакъа а оьрсийн эскарша шайн карахь латтош ду бохуш, официалан хаамаша а чIагIдора. Делахь а, муьлххачу а нохчийн эвлахула паргIат дIасалелаш гора герзах боьттина меттигера бахархой, хетарехь, цара ца доьшуш хилла газеташ, цундела хууш дацара, шайгара герз тоххара охьадиллийтина бохуш, хаамашкахь яздийнийла.

Соьлжа-гIала дIакхаччалц аьтто ца хилира новкъахь цхьа а оьрсийн салти ган…

Советан заманара "Адамаш, ларбейша машар" аьлла, кхайкхамбеш, йоза дара гIала чувуллучохь лаьттачу стела тIера къаьсташ, хезара лелха герзаш а.

Массанхьа а дIаоьхучу газан хьожа яра лаьтташ, газан факелш гора йогуш: бIеннашкахь коммуникацеш йохийна яра, хIора цIенна тIехула гора йогучу газан йоьгIна факел.

Соьлжа-гIалин урамашкара сурт баккъал а апокалипсе дера: херцарш, тийна, чохь са доцу гIала, йохийна бронетехника, массо а маьIIехь дIасалела меца жIалеш. Гергара хезачу лелхийтарх ца къехкара уьш, штурм йолийначу юьхььехь байинчу оьрсийн салтийн декъий тIе ца кхийдийта шаьш къахкийча, дера летара жIалеш, чу а хехкалуш, кIомсарш а гойтуш.

Къапалгаш, къапалгаш, къапалгаш, хьо гIалин юккъе мел кхочу гора хьуна дуккха а аьтта, охьахерцийна гIишлош. Цивилизацина хIоттийна хIоллам бу моьттур дара, ткъа хIара гIала-м дукха хан йоццуш кхиаме, дийна яра. Моьттур дара, муха кхаьчна а ца хууш, Сталинградах я Берлинах лаьцначу кино чохь ду хIара хьал.

Лаьтта тIехь хилла гIала шен керлачу, лаьтта бухарчу дахаре йирзинера хIинца. Лаьтта бухарчу ларми чохь бехара нах. Со Iадийнера хIетахь: оцу херцаршлахь цхьа са дийна хир ду ца моьттура суна. Дукха бара уьш. Зударех, къанойх, берех, кхиазхойх йоьттина яра массо а лармаш.

Лаьтта бухара нах… Дукхахберш оьрсийн къена зударий а, пенсхой-божарий а бара. Доккхачу декъанна цхьаболу гIалара нохчий дIабаханера ярташкарчу шайн гергарчу нахе, ткъа кхеран баха меттиг а яцара. Маьрша нах цхьаммо а гIаличуьра ара ца баьхнера, ткъа лаьтта бухахь эзарнашкахь, эзарнашкахь бара нах.

РогIера тохарш дIадерззалц сайн белхан накъостца цхьана ларми чохь висинера со, ткъа дехьо бер деш яра 17 шо долу йоI. Цул а цхьа шо воккха вара цуьнан мар. Оха хоьтту, хьалххе гIаличуьра хьайн зуда ара стенна ца яьккхира ахь. "Тхуна дагахь а дацара оьрсийн салташа маьршачу нехан хIусамашна тIе еттар ю аьлла",- жоп ло цо.

Эххар а мохь болу мискачу нехан: "Маца дIадоьрзур ду-те хIара гIуллакх?, - бохуш, саццаза еттачу бомбанаша собар кхачийначу. Хетарехь, тхо Iедалхойх нах ду моьттинера царна.

"Ма доккха хIума ду хIара, тхуна тIееттачуьра совцуш банне а бац уьш! И летчикаш фашистел а къиза бу-кх. Дукха дика дехаш дар-кх тхо аш бомбанаш етталц", - бохуш, яппарш йора цара.

"Ельцина гIаличохь бисина маьрша бахархой бан а бац ма бохура", - элира сан накъоста, кхин ала хIума а ца карийна. – Кхузахь массо а лармаш чохь нах ма бу, - мохь хьоькху тхуна тIе. – Тхо стенга дIагIур дара, тхо дахкаре хьоьжуш мила ву? Я стенгара дер дара тхуна некъана дала ахча а, тхуна пенсеш даланза а ю ши шо сов хан…"

Минутка олу майда юьзна ю герзах боьттинчу нахах: керлачу, цIеначу духарца болу и нах цхьа лерина генна цхьанхьа-м хьуьйсуш лаьтта.

"Парадан тIемалой" олурш бу уьш: тIаме баха сих ца ло уьш, бакъду дукха лерина, дог догIуш суьрташ дохуьйту цара шайн, "Воздух!" аьлла, мохь беача, ловчкъа дIа а хьовдуш.

Ткъа билггал болу гIаттамхой – ченех буьзна, тIехь боьха, хIоьттина бу. Оьрсийн тобанашка диллича, хIорш кIезиг хета хьуна. ДIоггара деза герз а ца го цаьргахь: автоматаш, пулеметаш, гранатометаш, куьйгайина гранаташ. Бакъду, хетарехь, йохийначу бронетранспортер тIера схьаяьккхина, "грузовик" олучу машен чу хIоттийначу "зениткех" бIаьрг кхийтира сан… ГIалин коьртачу урамехула - Ленинан проспектехула - нохчийн байракхаш тоьхна, цхьа наггахь дIа-схьа хоьхкуш цхьа бронетранспортер яра.

Кхул хьалха, 1994-чу шеран Лахьан а, ГIуран а беттанашкахь со кхуза веанчу заманчохь кхул а тIехдика техника гора суна цаьргахь, гарехь, тIемашкахь хIаллакйина хила тарлора иза, ткъа йисинарг гIаличуьра ара а яьккхина, къайлехь дIахIоттийна хила там бара.

Рескомна хьалхара майда - президентан Дудаевн цIийнан цIе яра ишта, Нохч-ГIалгIайн республикан хилла гIишло а, моьттур дара, и цхьа нехийн барз бу: аьттачу тIулгийн цуьргаш, доьхна куьзганаш, цестина машенаш, дассийна патармаш, Iохкуш дара лелхаза танкан хIоънаш, минийн стабилизаторш, авиацин ракеташ.

Нохчийчоьнан Совминан гIишлох йисинчу къапалгашна уллорчу кIелонехь хиъна Iара со а, сан коллега а, деттачу герзашка ла а доьгIуш. Юкъ-кара тIемалой гора шайн къайленашкара ара а буьйлуш, дехьа-сехьа уьдуш.

Юха вогIуш го яьса канистар карахь жима кIант, цунна тIаьххье кхин кхоъ а. Сих-сиха го и сурт: шиъ-кхоъ хийцалуш, хи я тIеман гIирс тIекхоьхьуш тIом бечарна.

"Сталкерша" дIакхоьхьура лазийнарш – и олура шайн "Жигулица" я "Москвичца" маса тIай тIехула а, майданехула а чевнашца берш кIелхьарбохучарех. Дукха хьолахь бронетранспортеро дIакхуьйлура уьш, федералан эскарша шайн карахь мел долу герз тIе а детташ.

Ирча суьрташ дара уьш. Сайн "Зенитца" кхин цхьа ирча хIума лаца а гIоьртира со: лелхаш минаш ю, проспектехула цхьанхьа-м хьаьвдда боьлхуш тIемалой бу, ткъа уллохь лелхаш герзаш доллушехь йогIуш йоккха ши стаг ю, карахь тIоьрмигаш а долуш.

Керлачу шарахь тIемаш бина меттигаш билгалъяьхнера яьгначу бронемашенийн бух тIехь, гонах оьрсийн салтийн декъий. Къаьсттина билгал яра царлахь йохийна, яьгна цхьа машен. НеIарна тIехь къаьсташ лоьмар яра – "684". БIовн буьххьехь Iаьржа манекен санна гуш яра даьгначу адаман чалх. Цуьнан дахарх кхерстина цIе жоьжахате, къиза хиллера. Цуьнан туьтано ца лайнера и: боллу хье цхьалха баьккхинера.

БМП-н аьрру неI йиллина яра, ткъа тIеман машенан тIехьахь Iохкура цхьа барз пулеметан ленташ, Iаржделла, лелийна…Стоммачу сирчу чимлахь даьгна, эмбрионан хьесапехь хьаьрчина адам дара…

Сайгахь бисинчу ницкъаца сайн фотоаппарат хьала а айбина, масех сурт даьккхира ас. Гена доццуш цхьа барз минаш а лилхина, со юкъахваьккхича, гIадвахара со. Лаьтта охьа а воьжна, асфальтах дIаийра со. Экипаж Iалашъян ницкъ ца тоьъначу, йохийначу БМП-н агIоно ларвийра со геригех.

Масех бутт баьллачул а тIаьхьа юха а карлаелира суна мацахлера драма – "684" лоьмар йолчу БМП-2 машенан экипажца - дийначаьрца а, беллачаьрца а, тIепаза байначаьрца а.

1995-чу шеран аьхка Самарехь, тIеман госпиталехь Нохчийчохь йинчу чевнашна дарба ден капитан Мычко Виктор вовзийтира суна. Цуьнца къамеле ваьлча, Соьлжа-ГIалана йинчу штурмех дуьйцучу хенахь, айса даьхна суьрташ гайтира ас. Цхьана суртах тасавелира Мычко: "ХIара сан машен ма яра! БIов тIехь майор Белов вара, тхан батальонан штабан хьаькам! ГIуран-беттан 31-чохь йохийра тхан машен…", - аьлла, тIетуьйхира цо.

Цул тIаьхьа кхин а масех де даьлча, оццу Самарехь со лоьхуш хиллачу МихайловгIарна Надеждина а, Александрна а тIеIоттавелира со: "Собеседник" газетехь ас зорбане даьккхина яьгначу бронемашинан ирча сурт гина хиллера царна. Цу чохь хиллера церан кIант, сержант Михайлов Андрей. Оцу бахьанашца бовза таро хилира сан йоллу экипажан кхоллам.

81-чу мотокхоссархойн полкан шолгIачу батальонан БМП-2 хиллера иза. Оцу бале даьллачу, ГIуран-беттан 31-чу дийнахь цу машен чохь хиллера майор Белов Артур - батальонан штабан куьйгалхо а, цуьнан гIовс - лакхахь цIе яьккхина Мычко Виктор а, механик - Казаков Дмитрий а, зIенча, сержант Михайлов Андрей а.

Оцу машенчуьра дийна висинарг цхьа Мычко хиллера. БIов тIехь ваьгнарг майор Белов Артур вевзинера 1995-чу шеран Чиллан-баттахь, Соьлжа-гIалара йохийна, яьгна бронетехника арайоккхучу заманчохь.

Пхьаьрсах хиллачу сахьтаца, аьлча а, сахьтах йисинчу меженашца а, полк Германехь лаьттачу хенахь цо эцна хиллачу хечех доьхкачу доьхканца а, цергашца а, букъдаьIахках йиллина хиллачу пластинаца а вевзинера иза.

ТIаьхьо хиира суна, Белов Артур Афганистанехь эскаралла дина хилар а, совгIат дарх а цунна, ишта тIеман декъехь тоьллачу эпсаршлахь цIе йоккхуш иза хиллийла а.

Мычко Виктора тхойшиннан хиллачу къамелахь дийцарехь, цхьа а тIеман омра дина ца хиллера царна цхьаммо а. "Раци чухула: гIали чу гIо алар доцург. Зеразакъаш лелориг Казаков вара, Михайлов юьххьехь вара, радиостанцина уллохь. Ишта со а, Белов а вара цу чохь".

Дийнахь шийттолгIачу сахьтехь кхечира Соьлжа-гIала. "Долчух ма-дарра тхо кхета а ца кхийтира. Цхьа кхосар ян а ца ларийра - я пушка, я пулемет, я автомат кхоьсина а. Къаьхьа къемат дара иза. Тхуна цхьа хIума а ган а ца гира, тхуна тIеетташ хиларна егайора тхан машен. Массо а маьIIера кхийсарш йора тхуна - могуш цу чуьра арадовла лаар бен, кхин коьртехь хIума дацара тхан.

Дуьххьара тоьхначо раци йохийра тхан, зIе хедира. Полигонехь гIакхна санна тIе герзаш деттара тхуна. Дуьхьалоян а ца гIертара тхо, оха мича тухур дара герз, мостагI гуш ца хилча. Ткъа тхо кераюкъахь санна дара царна. Цхьа ирчачу гIенах санна дар-кх и дерриг а. ХIинца а ойла йича, цхьа дехха и хьал лаьттича санна хета суна, масех миноташкахь бен хилла доццушехь. Машен йогуш ю, тхуна тIейиттина. Лакхара люк елла хьаьдира Белов, суна тIехула цуьнан цIий охьахьаьдира - я даьндарг кхеттера цунна, я гериг, бIовна тIе кхоза веллачохь висира иза. Машенчуьра араиккхира тIаккха со а…"

ХIетахь чевнаш йина хиллера Мычкона а.

"ГIодаюккъалц люк чуьра аравелира со, цIеххьашха лазар иккхина, юханехьа чувуьйжира, кхетамчуьра а волуш, кхин суна хIуммаъ а дага ца догIу. Со меттавеача, цхьана ларми чохь вара со, дийцарехь, президентан Дудаевн цIа дара иза. Куьйгаш тIера а лаьцна, БМП-чуьра хьалаваьккхина хиллера со нохчаша…"

Цуьнан некхан уьнах а, пехех а чекхъяьлла хиллера гериг. Ишта ког а, куьг а лазийнера. Оццу ларми чохь операци йина хиллера цунна нохчийн лоьро, пехаш чуьра ноткъа а йоккхуш.

Цул тIаьхьа маьршаваьккхира иза. Хуьйцучарлахь ца хиллера иза, вуьшта, Масхадовн омраца лецнарш маьршабохуш, царлахь нисвеллера иза а.

Бакъду, Казаков Дмитрий а, Михайлов Андрей вацара я дийначаьрца а, я беллачаьрца а… 1995-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 8-чохь экспертизано билгалваьккхина Михайлов Андрей лаьтте кховдийра.

Бакъду, оццу шеран аьхка цуьнан дас а, нанас а соьца хиллачу къамелехь а элира, чалх схьакхачийра шайга, "амма иза тхан кIант вацара" аьлла…

Нохчийчуьра со юхавирзинчул тIаьхьа хIора буса бохург санна, цхьа ирча гIан дара суна гуш юх-юха: майор Белов цхьана а волуш, оцу БМП-на тIех вуьйлуш, уьйдура со. ТIаккха Сунжа олучу хинан тIех а, "Дудаевн дворец" олучу гIишлона хьалхарчу майданехула уьдура, уллохь йогIуш ас лакхахь хьахийна ши йоккха стаг а йолуш...

Хьажа комменташка

ХIун Iалашо йолуш пайда оьцу аш Facebook санна болчу социалан машанех?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG