ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоь: тешнабехк, дозанаш, наркотикаш, къизаллаш...


Материал язйинарг Саламова Елена

Чолхе дара Нохчийчоьнна дIадахна шо, ткъа Кадыров Рамзанна-м муххале а синтеме дацара.

Даим дийца а, яздан а карочух ю Къилбаседа Кавказерчу мехкашлахь Нохчийчоь. Меттигерчу телеканало Iедалхоша дIабаьккхинчу когах жигара дуьйцу, наггахь дукхахйолу ситуацеш абсурде а йохуш. Даим а тIаьхьабевлла лела Iедалхой бакъонашларъярхошна; шен меркIел а цхьана мостагIий керабо Кадыров Рамзанна, ткъа цуьнан гонера нах санкцийн тептаре боху.

Сугаипова Заира

Кху аьхка Москварчу "Китеж" кризисан центрера нохчийн йоI Сугаипова Заира яйра. Гергарчу наха маре яхийта Iалашонца Соьлжа-гIала дIайигинера иза. ЙоIана сагатдора Москварчу бакъонашларъярхоша, цуьнан дахарна кхерам бу бохуш. Йоккха скандал елира оцу ситуацех. Дас-нанас тIехь ницкъбо шена аьлла, кризисан центре лачкъа еана, Москвахь еха Сугаипова Соьлжа-гIаларчу "Грозный" телехьожийлан эфирехь гучуелира.

Коьрта йовлакх а тиллина, охьахаийна йоI цхьа наггахь бен йист ца хуьлура, дукха хьолахь къамел дора Нохчийчоьнан куьйгалхочун пресс-секретаро Каримов Iалвис. ТIаьхьо "Грозный" телеканалан директоро Дудаев Ахьмада хаамбира, Сугаипова шайн телевизионе балха оьцур ю ша аьлла

Титиев Аюб

Зазадоккху-беттан 18-чохь кхел кхайкхийра Соьлжа-гIаларчу "Мемориал" организацин декъан куьйгалхочунна Титиев Аюбна. Набахтехь дайн хьелашкахь яккха 4 шо хан туьйхира цунна.

Прокуратурано ехначу хене хьаьжча, кIеда бу ала мегар дара кхелахойн сацам. Юкъарчу режимехь хан а йоккхуьйтуш, 100 эзар сом гIуда тохар тIедожийнера кхалахошна прокуроро. 2018-чу шеран Дечкен-беттан 9-чу дийнера дуьйна схьа дахделлачу цуьнан гIуллакхан жамIаш ишта дара.

Куьршалана а, Майртупна а юккъехь сацийнера полисхоша Титиев, цуьнан машен чу марихуана чохь тIоьрмиг а кхусуш.

Шен хьокъехь бинчу сацамна ша реза вац аьлла, дIахьедира Титиевс. Боллу бакъонашларъярхошна, къаьсттина "Мемориална" тIеIаткъамбан Iалашонца дуьхьал айдина гIуллакх ду бохуш, чIагIдора цо. Кхелан хьесап девзинчул тIаьхьа кхин дIа латкъамаш ца бира сацаман хьокъехь, ткъа Титиев хенал а хьалха (УДО) маьршаваьккхира кху аьхкенан Мангал-беттан 21-чу дийнахь. Карарчу заманчохь Москварчу "Мемориалехь" болх беш ву Титиев Аюб.

Гериев Жалавди

"Кавказан узел" агенталлан журналист Гериев Жалавди а маьршаваьккхира набахтера дахначу шеран Охан-беттан 30-чу дийнахь. Наркотикаш лелийна аьлла, кхеле хIоттийначу цуьнан, суьдхоша шена тоьхна 3 шо хан яккха дийзира набахтехь.

Дебишев Тимур

Лаьцначохь ницкъбинера шена аьлла, дIахьединчу нохчийн актеран Дебишев Тимуран гIуллакхехь а жимма хийцамаш хилира. 2018-чу шарахь лаьцначу цунна Iазапаш лелийнера Соьлжа-гIаларчу полицехь етташ, ток а йоьттуьйтуш. Гезгамашин-баттахь шен адвокат уллохь а волуш, Ленинск кIоштан полицин декъерчу кабинетах хьажийтира иза, талламчашца цхьана. Полисхой а, ницкъаллийн структурийн хьаькамаш Арсанукаев Сайд-Ахьмад а, Сатуев Бислан а, Талламан комитетан векал Тапаев Мурад а вара тобанца.

Дозанаш

Нохчийчоьнан дозанашкахь а дацара кхин хIуммаъ паргIат. Зазадоккху-беттан 1-чу дийнахь Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъара керла доза Реестре даьккхинехь а, латтана тIехула болу къийсамаш лахлуш бацара цхьайолчу меттигашкахь.

"Нохчийн республика" аьлла, билгало еш, Дагестанерчу Кизляран дозанехь тоьхна некъ гойтург кагйинера Мангал-беттан 10-чохь цхьана резайоцчу тобано.

Нохчийн парламентан спикер Даудов Мохьмад юкъа а эккхаш, ерзо дийзира иккхина скандал. И гIуллакх дIадижо ницкъ кхаьчна цуьнан я ца тоьъна цкъачунна ала хало ду, хIунда аьлча, 10 гектар латта бахьанехь яьлла конфликт кхеле листа кховдийначохь лаьтта.

"100 процент тоьшалла ду, и тхан латта ду аьлла. Царна шайна а дика хаьа иза. Кхеле бевлла уьш, къийсамаш дIабоьлхуш бу, шаьш нийса доцийла хуушшехь. 7 миллиард процент хаьа царна, и территори тхан юйла", - бохуш, дIахьедора Кадыров Рамзана.

Темирбаев а, цуьнан накъостий а

Гезгамашин-баттахь дийца даьккхира, хетарехь, Кадыровна дуьхьал хилла аьлла, Нохчийчуьра лаккхара хьаькамаш даржашкара бохийна бохуш. "Новая газетано" Iораяьккхира и информаци шаьш бинчу талламашкахь.

Мехкан куьйгалхочун дагтIера воьжнера Алханов Алугахьа хилла, ширачу командера баккхийчу хьаькамех волу Темирбаев ИбрахIим. Мобилан телефонашкахула дина къамелаш даьстича гучудаьллера, иза а, кхин а масех а Кадыров Рамзанна дуьхьал хилар.

"Новая газетано" цIераш яьхначарлахь вара орцан министр Яхъяев Руслан а, парламентан хилла депутат Магомаев Шемал а, хьуьнан бахаман хилла министр Мулаев Дикмохьмад а, социалан блокан хилла вице-премьер Вайханов Халид а, ГИБДД-н урхалхо Денилханов Шамхан а.

Кадыров Ислам

Журналисташа бинчу талламна тIехула, (Iедалхоша бакъ дац баьхнехь а) гIаьттинчу скандала юккъехула гучуделира, Соьлжа-ГIалин мэр лаьттинчу Кадыров Исламан куьйгашна хилларг а.

2016-чу шарахь нохчийн телеканалан эфирехь гайтира Кадыров Ислам кIайчу кисешца ший куьйг а дихкина. ДIа ладоьгIча къаьстира, ша даржехь волчу заманчохь психотропан препараташ а муьйлуш, кабинеташчухула нахана электрошокер а етташ, иза волавелла лелаш хилар. Делахь а олийла дац, цуьнан карьера юкъахъяларан коьрта бахьана и дара. Цхьахволчу Кадыров Исламан гергарчу стага 2017-чу шарахь Кадыровна кIело кечъеш хиллера, оцу тIехула вохийна Ислам бохуш, яздора зорбанаша.

Хангошвили Зеламха

Уггар а скандале а, кхета хала а дара нохчийн мухIажир, Нохчийчохь тIемашкахь оьрсашна дуьхьал хиллачу гIаттамхойн лидер лаьттина Хангошвили Зеламха Берлинехь вер. Марсхьокху-беттан 23-чохь гIалин цхьана урамехь тапча тоьхнера цунна киллеро.

Хаамийн гIирсаша яздора, оьрсийн къайлахчу сервисийн омраца вийна нохчо Хангошвили бохуш.

Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире а цхьана даьллера иза вер, шога критика а еш, дIахьедира цо, Хангошвили цIий Iенийна стаг вара, Москварчу метро чохь динчу лелхийтаршна а гунахь вара иза аьлла.

Дегочу озаца нохчийн журналисташа а хаьттира Кадыровга йоьдучу пресс-конференцехь Хангошвили верах. "Цхьа террорхо дIаваккхар а вайгахьа ду" аьлла дара цуьнан жоп.

"Ахмат-юрт"

Ишта-м баккхий, сийлахь хийцамаш а хилира Нохчийчохь – эххар а керла эвла гучуелира цигахь "Ахмат-юрт" аьлла. Нохчийчоьнан президент лаьттинчу Кадыров Ахьмадна гонах йолийначу пиаре ладоьгIча, баккъал а тамашен ду, цуьнан цIарах юрт хIинцца, 2019-чу шарахь бен билгал ца яккхар.

Кадыров Ахьмад дуьненчу ваьллачу ЦIонтаран (Хоси-Юрт) цIе яра хийцинарг.

Юьртан цIе хийцале Даудов Мохьмада Инстаграме даьккхира графикан редакторца "Ахмат-юрт" аьлла, эвлана чувуллучуьра кевнийн кечдина сурт.

Цхьаболчарна-м цо йинарг забар ю аьлла хийтира, делахь а, хууш ма-хиллара, Даудов Мохьмад забарш ечех вац.

Вуьшта аьлча, сингаттаме а, ладегIаме а дара нохчашна дахна шо. Делахь а, самукъане хIуманаш а нислора, масала, блогеро Абдурахманов Тумсос хьовсархошна шен цициг довзийтира

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG