ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Махбалерчу шен эскаршна тIе кхин а дакъош хьовсийна Iамерко


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

82-чу хIаваъ-десантан дивизера 3 эзар гергга эскархо ву хьажош Гергарчу Малхбале Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа. Пентагонерчу хьосташна тIе а тевжаш, Reuters агенталло хаамбарехь, бухарчу Iамеркан эскархойн кхерамзалла чIагIъеш гIулч ю иза.

Кувейтехь дIатарлур ду дуьйцу тIеман дакъа – кху кIиран юьххьехь цига дIахьажийна 750 эскархо сецначу базехь.

Инарла Сулеймани Къасем вер Iамерканна дIадекха дош делла ТехIерано. Революцин гIаролхойн буьйранча, ГIажаройчоьнан Iедало веза лору инарла вийра дронийн тохарца Багдадерчу аэропортехь пIераскана.

Президентан Трамп Доналдан омрица дира тохар. Чолхе хьал ду тахана Малбалехь, Reuters-о тоьшалла дарехь.

ТIаьххьарчу эха шарахь Цхьаьнатоьхначу Штаташа дIатарвина Гергарчу Малхбалехь I4 эзар шен эскархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG