ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинца цхьанакхета дагахь ю Меркель Ангела


Белхан хьокъехь кху беттан 11-чохь президенто Путин Владимира кхайкхийна Оьрсийчу яха лерина ю Германин канцлер Меркель Ангела, хаамбина Кремло шен сайтехь. Делегаци юкъахь хир ву ишта Германин арахьарчу гIуллакхийн министр Маас Хайко.

Шемара а, Ливера а хьал а, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа Багдадехь тохарш дина, гIажаройн инарла Сулеймани Касем вийначул тIаьхьа Гергарчу Малхбалехь ситуаци карзахъяларх а дийца лерина ю ший а агIо.

Байначу баттахь Путина телефонехула Меркелца дийцира "Северный поток-2" биргIа хьалаярх а. Проект кхочушъян сацамбира шина а пачхьалкъан лидерша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG