ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Инарла Сулеймани Касем дIавуллуш ву иза ваьхначу гIалахь


Инарла Сулеймани Касем
Инарла Сулеймани Касем

ГIажарийчоьнан къилба-малхбалерчу Керман гIалахь дIавуллуш ву инарла Сулеймани Касем. Эзарнашкахь меттигера бахархой бу цуьнан тезетахь. Шинарийде гIалахь мукъа де ду аьлла, дIакхайкхина.

Де хьалха Тегеранехь тIаьххьара инарлан Iодикаян гулбеллера бIеннашкахь эзарнашкахь нах. ДоIа дира ГIажарийчоьнан лакхарчу лидеро Хаменеи Iелас. Цул тIаьхьа маьхьарий деттара гулбеллачара "Iожалла Iамеркана" бохуш.

«Исламан революцин гIаролхоша» арахьа дIахьочу тIеман барамех жоп лучу «Къудс» декъан буьйранча, инарла Сулеймани Касем вийра кху беттан 3-чу дийнахь, Багдадан аэропортехь Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн кеманашца дIаяьхьначу операцехь. БIеннашкахь Iамеркан салтий байина "коьрта террорхо" лорура Сулеймани Вашингтоно.

Тегеранна веза инарла вара Сулеймани, цуьнца юзура гIажароша Малхбалехь шайн пачхьалкхо дIахьош йолу тIеман компанеш, герга вара иза Iедалан дайшна.

Шинаридйинахь гIажаройн парламенто Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн эскар а, Пентагон а террорхойн организацеш ю аьлла, дIакхайкхийна. Гергарчу Малхбалера хьал марсадаьлла Сулеймани верца.

Инарла Сулеймани Къасем вер Iамерканна дIадекха дош делла ТехIерано. Ткъа Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президенто Трамп Дональда ГIажарийчоьнан културан ширачу гIишлошна ракетан тохарш дийр ду аьлла, дIахьедина нагахь санна, вийначу Сулейманех бекхам бан гIортахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG