ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сулеймани вер емал хIунда ца дина Кадыровс?


Сулеймани Касем а, Кадыров Рамзан а (коллаж)
Сулеймани Касем а, Кадыров Рамзан а (коллаж)

Кху материалан автор ю Пейсахова Анна

Кху беттан 3-хь, Американ эскархоша ракеташ а тоьхна, ГIажарийчоьнан инарла Сулеймани Касем вер хьокъехь комментарий ца еш ца Iийра массо а чулацаме болчу а, боцчу хиламашна комментареш еш Iедал долу Кадыров Рамзан, яздо Кавказ.Реалиино.

Тамашийна дерг дара, Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен Telegram-каналехь хIоттийначу постехь шена хетарг хаийтина ца хилар, цхьа "хIун хир ду ца хуу тIаьхьалонаш" хир ю алар дIадаьккхича.

Цигахь дуьйцуш ду дуккха а политикаша емал дар а, Оьрсийчоь синтем байна хилар а. Амма дац Америкина чугIортар а, Оьрсийчоьнан бертахо йолчу ГIажарийчоьне кадам бар а.

Дустархьамма дало мегар ду 2019-чу шеран Гезгмашин-баттахь, бехкениг ГIажарийчоь а йолуш, Саудийн Iаьрбийн пачхьалкхерчу мехкадаьттан объекташна ракеташ йиттича Кадыровс аьлларг: "Ган а гуш болу я къайлаха болу исламан мостагIаш тайп-тайпанчу герзаш лелочу тобанийн куьйгашца [зулам] дан гIерта 1,5 миллард кху дуьнентIерчу бахархошна".

Амма цул хьалха Кадыров тIехIоьттинера "исламан мостагIна". "ГIажарийчоьнна кечйеш ю Троянан говр!", - яздира цо 2018-чу шеран Дечкен-баттахь, цу махкарчу Iедалшна дуьхьал акцешка арабевллачу гIажарошна гIо дан дагахь бу америкахой аьлла баьржинчу хаамна маьIна деш.

Кадыров Оьрсийчоьнан Гергарчу Малхбалехула министр ву олуш делахь а, геополитика цуьнан гIуллакх долчух тера дац.

ДIоггара баш школехь дешна а воцчу Кадыровна хала ду бусалба нехан гӀодаккхархо хила, Оьрсийчоьнан президентан Путинан тешаме пехотинец а вуьсуш.

Хала ду цу тайпа политика лело а. Цкъа делахь, цхьааллин бусулба лагерь йоцуш ю. Гергарчу Малхбалехь а Iаткъам бан аьтто болуш хилар къуьйсуш ю суннатийн СаIудийн пачхьалкх а, шиIатийн ГIажарийчоь а. Цу шиннан дипломатин юкъаметтигаш хедийна ю 2016-чу шарахь дуьйна.

ШолгIа момент ю, Кадыров тIех сов муьтIахь волу Оьрсийчоьнан президент Путин дукха везаш хилар Гергарчу Малхбалерчу пачхьалкхийн шиIатийн куьйгалхошна (ГIажарийчоь, Шема).

ГIажарийчоьнан хьалханчаш санна Оьрсийчоьнан президент а вац дукха хенахь дуьйна шен Америке болу цабезаш хьулбеш. Цара санна, суннатийн гIаттамхошна бомбанаш етташ, тIамца гIо деш ву иза президентан Асад Башаран алавитийн режимана.

Оцу хьолехь Асадан доттагIех дIакхетта Кадыров а. Нохчийчуьрчу куьйгалхочо гIо до цунна ахчанца а, адамашца а, дIахьедарш до ша маьждигаш юхаметтахIиттош ву бохуш, гуманитаран гIо дохьуйту Iедалан ницкъаша "маьрша яхна" олучу кIошташка.

Цул сов, уггар хьалхара тIеман полицин батальон Шема хьажийнера оццу Нохчийчуьра. Цигахь Кадыровна муьтIахь болу нохчий баккхий доттагIий хилира Асадан салтийн. Цу салташа шайн шиIатийн а, алавитийн а вежараллина юкъа а ийцира уьш.

КхоалгIа делахь, цу дипломатин ловзаршкахь Кадыровна мехала ду цIахь а ша лоруш хилар, хууш ма хиллара берш нохчий суннаташ бу.

Цуьнца доьзна Нохчийчоьнан куьйгалхоша чолхе гIулчаш йоху Кадыров шиIатийн дуьненна гена хилар гайтар Iалашо йолуш. Иштта 2017-чу шарахь Мангалан-баттахь муфтийс Межиев Салахьа йихкира шиIатийн динах лаьцна литература, республикехь "шиизм а, ваххабизм а чекхйера яц" аьлла. Цул сов, цо, оза а ца луш, бехк баьккхира ГIажарийчоьне, исламан бакъ болу некъ харцахаьа баккхарна.

Дашна ала, Кадыровс а, цуьнан муфтийс а бехк буьллуш меттиг нисло СаIудийн пачхьалкхана а. Цу махкахь лелош йолчу "ваххабизмана" дуккхазза а атакаш яр 2019-гIа шо чекхдолуш дирзира нохчийн диндайшна а, СаIудийн пачхьалкхерчу блогершна а юкъахь иккхинчу бахбеллачу къовсаме.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG