ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Митингаш ду мунепакъ-Ӏилма". Дуй-те?


Дагестанан муфтий Абдулаев Ахьмад (коллаж)

Кху материалан автор ю Саламова Елена

please wait

No media source currently available

0:00 0:04:30 0:00
Линкана тIе

Дагестанан муфтийнаАбдулаев Ахьмадана хета митингашка лела оьшуш дац аьлла, яздо Кавказ.Реалиино. Цунах лаьцна динан урхалло маситтаза дIахьедар дина, цхьацца бахьанаш лоьхуш меттигера бахархошка дуьхьалонан акцешкахь а, политикан дахарехь а дакъа ца лацийта. Цуьнца цхьаьна ша Абдулаев мелла а политикашна уллехь хила лууш ву. Иза ша а хуьлу митингаш вовшахъетташ.

Маситта шо хьалха цунах лаьцна уггар тидаме дIахьедар динера цо "ТВЦ Махачкала" каналехула гайтинчу репортажехь. Цу хенахь цо дийцинарг тIе тидам а а боьдуш дисира.

Кху деношкахь Абдулаевс аьлларг Instagram-хь зорбане даьккхинчул тIаьхьа социалан машанех пайда оьцурш боьлуш а, дийцаре деш а бу бусалба вовшахтохараллан белхан Iалашонех лаьцна. "Хьанна гIуллакх деш ву муфтий, Далла я Iедална?" - хоьтту цара.

Ткъа репортажехь муфтийс дуьйцург иштта ду: цхьаъ деха деза Везавоккхачуьнга цIахь, Iедалхошка урамашкахь а ца хоьттуш.

"Хаттар митингашца къасталур дац, аьлла хета суна. Исламо боху вайга, нагахь цхьаъ доьхуш шу делахь, деха деза иза Везавоккхачуьнга. Митинге вай арадевлча хьанга доьху вай? Деле деха ара ма ца довлий вай. Везавоккхачуьнга, шен цIахь а Iаш, деха мегар ду", - дIахьедарш до муфтийс видео тIехь.

Цунна тIетов пес тиллина волу жима стаг. Шена хетарг иштта дуьйцу цо: "ШариIатехь иза (митинг) мунепакъ-Ӏилма ду. Ливи – хьовса, Иракъ – хьовса! Стенна тIера буьйлабелира уьш? ХIокху митингашна тIера буьйлабелира…"

Тамашийна дерг ду, митингаш хьокъехь муфтиятан позици даима а цхьатера ца хилара. Масала, 2017-чу шарахь ХIинжа-ГIалахь митинг дIаяьхьира терроризмана дуьхьал хаьжийна. Цигахь вистхуьлуш вара муфтийн гIовс Асадулаев Идрис. Ткъа цо кхайкхам бийриг вацара Везавоккханиг.

Дагестанан муфтийн тIехIуттур вацара ала мегар ду луларчу республикан куьйгалхо Кадыров Рамзан. И ма вай махкахь уггар йоккха динца йоьзна митинг вовшахтоьхнарг.

2015-чу шарахь Charlie Hebdo журналан карикатураш ехкинарш байинчул тIаьхьа Мохьаммад Пайхамаран цIе сийсазъян гIертарна дуьхьал хиллачу акцехь гулвелира цхьа миллион гергга стаг, ткъа Кадыровс къамел дира цигахь сцени тIера.

Кадыров Рамзан ву Мохьаммад Пайхамаран цIе сийсаз ян гIертарна дуьхьал хиллачу акцехь къамел душ
Кадыров Рамзан ву Мохьаммад Пайхамаран цIе сийсаз ян гIертарна дуьхьал хиллачу акцехь къамел душ

2016-чу шарахь Нохчийчохь митинг хилира Кадыровна гIортор еш, "мохк жаIарх дIатоха" лууш болчу либералашна дуьхьал. Цу акцехь, ша аьлча, къамел деш вара байкер Залдостанов Александр а, ткъа иштта республикан муфтий Межиев Салахь.

Ткъа ГIалгIайчохь хиллачу дуьхьалонан акцешна критика йира нохчийн муфтийс, сийлахьчу КIуранехь АллахIа бунт айар адам дерал а вон хIума ду боху аьлла. Цу кепара Нохчийчьурчу муфтийна хета митинг бунт ю аьлла.

ГIалгIайчоьнан муфтий Хамхоев Iийса Къилбаседа Кавказан федералан гонерчу бусалба нехан координацин кхеташонан юкъара дIаваьккхира, цо митинге арабевллачу гIалгIашна гIортор ярна.

Хамхоев бехке вира Iедалан белхахой шариIатан кхеле кхайкхарна Нохчийчоьнца доза билгалдоккхуш барт барна. 2019-чу шеран Товбецан-баттахь Хамхоев дIавелира республикерчу муфтийн даржера. Кхин а цхьа бутт баьлча цуьнан гIуллакх талла буьйлабелира Москвара талламхой.

Дагестанан муфтийн гIуллакх толлур ду талламхоша ала хала ду. Иза болх беш ву Iедалшца цхьаьна. И бахьана долуш совгIаташ а, мидалш а, орденш а ло цунна.

"Ас дакъалецира муфтиято вовшахтоьхначу митингашкахь"

Ша маситтаза митингашкахь дакъалаьцна, Абдулаев Ахьмада куьйгалла а деш, муфтиято кхайкхам а бина, дуьйцу Дагестанерчу юкъараллин жигархочо Увайсов Зиявутдина. Уьш Иракъерчу тIаманна дуьхьал хьажийна яра, боху цо.

Царах цхьа митинг хилира ХIинжа-ГIаларчу Рузбан-маьждигна хьалха а. Дагестанан динан урхалла кхоллар а доладелира ХIинжа-ГIалан коьртачу майданахь хиллачу митингашна тIера, иза коммунисташ болчу хенахь дара, ткъа дукхаха берш цу акцешкахь дакъалоцуш бара, дуьйцу жигархочо.

Увайсовс билгалдоккху муфтийс митингаш яр дехка деза цкъа а аьлла цахилар. "Муфтийс дуьйцург сацам бац. Вуьшта аьлча, цо цаолу митинаш ян мегар ду я дац", - боху цо.

Увайсовс дийцарехь, исламан пачхьалкхашкахь, масала, СаIудийн пачхьалкхехь, дешна нах бу митингаш ян мегар дац бохуш. Уьш мадхалиташ шайх олу Iедалшна юххера нах бу, дуьйцу цо.

"Церан Iалашо ю муфтиятан Iалашонех тера – Iедалшна гIортор еш къамелаш дар", - боху Увайсовс.

Комментареш

New Comments Available

Ичкерин векалш нохчех дIа а хадош, царна неIалт кхайкхийна муфтийс. Къоман цIарах оцу кепара дIахьедан бакъо юй цуьнан?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG