ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Позици а лаьцна, иза дIаяддалц собар дира ас"


Снайпер, гайтаман сурт
Снайпер, гайтаман сурт

Донецкан кIоштахь Мариуполехь лееш ДНР тобанерчу зудчо дийцина Оьрсийчуьра мехах тIом бан баьхкинчу нахаца цхьаьна ша Украинин махкахой муха байира. Цунах лаьцна хаам бо "Апостроф" зорбан гIирсо, "Цензор.НЕТ" сайтана тIе а тевжаш.

Юьйцург ю 1994-чу шарахь Харьковн махкахь йина йолу Черникова Галина. 2014-чу шарахь Донбассехь лелачу терроран тобанийн декъашхо хилла йолу иза Украинин къайлахчу сервисаша лецира 2017-чу шарахь.

Иза лееш яьккхинчу видео тIехь цу зудчо дуьйцу, нохчийн къомах болчу герзаца лелачу ялхойн тобанна юкъахь йолуш ша адамаш муха дайира.

Иштта, Черниковас дийцарехь, дуьххьара цо йийнарг яра "Тигр" цIе лелочу нохчочо Украинин снайпер ю аьлла тоьпаш тоха дIахIоттийна йолу зуда.

Топ тохале хьалха "позици а лаьцна, иза дIаяддалц собар дира ас", дуьйцу 26 долчу зудчо. ШолгIа стаг вийна цо снайперан топ тоьхна. Кхин цхьаъ вийна Черниковас, "Граф" шех олучу кхечу нохчочо омра а делла.

Цул сов туьканах вийна зудчо хехо, цул тIаьхьа малар а мелла, ша машен тIетоьхна лазийна волу гIашло вийна зудчо тоьпан бух биттина.

Стохка ГIуран-беттан 29-хь лецна латто нах хуьйцуш Черникова дIаелира Украинин Iедалша ДНР тобане.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG