Теракт кечйеш хилла аьлла шинарин дийнахь Германехь лаьцна 5 нохчо сарахь дIахецна, хаам бина прокуратуро. Болчу хаамца, талламхошна тоам боллуш тоьшаллаш ца карийна уьш талламан изоляторехь латто. Амма низамаш лардон органаш толлуш ю цу нахехь карийна видео а, аудио а материалаш.
Кавказ.Реалиин хьастано дийцарехь, немцойн низамаш лардон органийн шеко кхоллаелла нохчий жуьгтийн синагогина тIелатар кечдеш хила мега аьлла. Шинарин дийнахь лецначерах цхьаммо видео яьккхина хилла шен чуьра араваьлчхьана дуьйна шен накъост волчу ша дIакхаччалц.
Цу видео тIехь гуш ду синагога а. Иза ю талламан бухе йиллинарг.