ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хугаев: " Сталина махкахбаьхна сийдоцурш а, ямартхой а»


Волкова Алиса

Стенна веза Къилбаседа ХIирийчохь Советан Iедалан баьчча

Сталин Иосиф уггаре безачу нахах лору ХIирийчохь. Комаьршша даздина цуьнан 140 шо кхачар – концерташца, эшаршца, хелхаршца, студенташна мукъаде даларца.

Пачхьалкхехь коммунисташ безарца даима а къасташ хилла ю Къилбаседа ХIирийчоь, ткъа Сталин цигахь «вуьззина» шайниг ву, ца хилла иза гуьржи - хIири хилла, олу.

"Нахана иза шаьш санна хиларна, шена хьал лоьхуш ца вахарна везаш хилла. Сталина хIора шарахь лахдеш хилла мехаш. Шен бераш а хьийсийна цо тIаме, ткъа велча – цуьнан долахь карийнарг дац 800 сом бен», - дийцира «Кавказ.Реалиига» ХIирийчуьрчу «Оьрсийчоьнан коммунисташ» партин меттигерчу лидеро Хугаев Спартака.

Цо тоьшалла до, ХIирийчоьнан халкъ коммунистийн хьежамашца дехаш хиларх.

"Ленин а, Сталин а бахьана долуш могIара халкъ ломара охьадаьлла. Паччахьан Iедало чалтачийн экспедицешца дерриг а санна хIаллакдина халкъ, ткъа коммунисташ Iедале баьхкича, берашна бошмаш, школаш ехкина, шоръелла индустри», Хугаевс бахарехь.

Компартехь боцчу наха а вазво Сталин. «Сталин хIораннан а шен-шениг ву, цхьаволучо толамца [Дуьненан ШолгIачу тIеман] дузу цуьнан васт, кхечара – дахар цхьана эшшара цо дика латторца», - элира махкарчу яхархочо Габолаева Индирас.

Индирина гарехь, Сталинан цIе язлуш ю тахана, иза дозу дахаран хьелаш эшна хиларца –хала мел хили а, нах хьоьгу «нийсонан заманах».

"Суна Сталин – иза халкъан дахаран керла кеп ю. ДуьнентIехь уггаре тоьлларг яцахь а, хила тарлуш яра иза иштаниг», дуьйцу зудчо.

ХIирийчохь еш ю Сталинан бюсташ, уьш яьржа ерриг а пачхьалкхехула. 30 сов Сталинан хIоллам лаьтта махкахь – алсамбуьйлу уьш шо шаре мел долу а. ТIаьххьара хIоллам бина Пригородни кIоштарчу Комгарон юьртахь.

И хIоллам Сталин дийна а волуш бина бу, тIаьхьо хи чу кхоьссина хилла. Цхьа хан яьлча, юьртарчу школин директоро шен цIа а беана, бешахь лаьттахбоьллина, къайлабоккхуш, дуьйцу Комгаронехь.

"Сталина репрессеш латтийна, олу. Амма тхан тайпанехь – ХугаевгIар – 10 эзар гергга ву. Царех цхьаьллиг цхьаъ репрессешна кIелвахана аьлла ца хезна-кх суна. Тахана, масала, 30-40% нах бу и репрессеш ян йогIуш. Сталина махкахбаьхна куьйгана цIена боцурш, сийдоцурш, ямартхой. ТIекхочийлехь йолчу архиваша бахарехь, Сталин ца хилла бехке, регионашкара куьйгалхой хилла – цара дина зуламаш гучу а девлла, уьш шаьш а бина Iедало хIаллак», - боху Хугаев Спартака.

ХIирех цхьаъ бен вац Сталинан набахтешкахь хенаш текхна дийнаниг - Зураев Аузби. Политикан репрессеш лайначийн юкъараллехь тхьамда ву иза. Сталинна неIалт ца олу цо а.

«Сан ларам бу Сталине, иза дика куьйгалхо хилла. Амма цхьа гIалат даьлла цуьнгара – 1937-1938 шерашкахь репрессеш ян магийтина цо», - боху Зураевс.

Байначу баттахь Иосиф Виссарионович вазвеш Iилманан, кхечу кепийн барамаш дIабаьхьира ХIирийчохь, «Сийлахь-Веза Генералиссимус» цIе а тиллина. «Сталинна – зезагаш», «Сталинан хьехарш» аьлла бара школашкара, библиотекашкара, институташкара, урамашкарчу гIашлойн некъашна тIехь суьрташ дохку барамаш.

«Автобус чохь, масала, воьдуш, кест-кеста хеза хьуна: «Сталин вац вайна тIехь», олуш. …Йоьхкина пачхьалкх, - элира Хугаевс «Кавказ.Реалиига», доккха са а доккхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG