ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iаьрбийн Эмираташкахь – Нохчийчоьнан Денош


Нохчийн къоман синбахаман Денош дуьйладелла Цхьаьнатоьхначу Iаьрбийн Эмираташкахь селхана. Хьалхара концерт хилла Шарджа гIалахь.

«Нохчийчоь тахана» агенталле Нохчийчоьнан синбахаман министраллера бечу хаамца, гайтамехь дакъалоцуш ю къоман эшарийн а, хелхаран а «Нохчо» тоба а, Шахбулатов Iаднанан цIарх йолчу филармонин солисташ а.

Концерташ йоьдучу юкъанна Нохчийчуьрчу говзанчаша йовзуьйтур ю эмиратхошна нохчийн корматаллаш: дечигах, гипсах, тIулгах йина къоман вастийн тайнигаш, йийбар, пхьегIаш, иштта истангаш а, духарш а.

Нохчийн къоман синбахамаллин Денош лаьттар ду Эмираташкахь карара кIира дерззалц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG