ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керла спортан министр Матыцин кхело таIзардина ву


Низамца проблемаш Iиттаелла ву премьер-министра Мишустин Михаила шен кабинете спортан министр аэцна волу Матыцин Олег. 2012-чу шарахь кхело иза бехкевина ша коьртехь волчу Оьрсийчоьнан спортан, туризман университетан долара латта Черкизоворчу базарна мехах лелон дIадаларна. И хилам дагабоуьйту "Ведомости" газето.

2012-чу шарахь Москварчу Измайловон кIоштан кхело 20 эзар сом гIуда туьйхира Матыцинна. Прокуратура реза ца хилира оццул кIеда сацам кхело барна – юхаайдира дов. Амма рогIера кхел маситтазза тIехьатеттар бахьана долуш, чекхъелира иза жоьпаллина бухавуьгу хан. Кхел йира, амма набахтех, низамца а догIуш, мукъаваьккхира, зуламах жоп ло хан йистте кхачар бахьана долуш. Иштта висира Матыцин маьрша.

Талламо бахарехь, спортан университетан ректор ша Iачу юкъанна цо коммерци лелочу хьукматашка мехах лело доьшийлин долара латта даларца пачхьалкхан бюджетна дина зен ду 120 миллион сом.

  • 55 шо долу Матыцин Олег дуьненаюкъарчу спортан хьаькам ву 2011 шарахь дуьйна. Студентийн спортан дуьненаюкъарчу федерацин куьйгалхо ву иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG