ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украино Оьрсийчоьне дIавелла Тумгоев «харцхьа лела» набахтехь


"Кавказ.Реалиино" хаийтина ма-хиллара, 2018-чу шарахь Украино шега дIавелла гIалгIа Тумгоев Тимур 18 шарна набахте хьажийна Оьрсийчоьно, Шемарчу тIамехь дакъалаьцна аьлла. ХIинца иза харцхьа леларна бехке а вина, карцер чу воьллина ша хан токхучу Саратоврчу набахтехь. Цунах лаьцна хаамбина Саратов-мехкан таIзар токхуьйтучу хьукматан урхалло.

"Набахтин низам талхорна камеран кепарчу чоьнехь кхобуш ву тIеман гIеранехь леларна 18 шарна чувоьллина верг», - боху "Кавказ.Реалиин" редакце даийтинчу кехата тIехь.

Саратов-махкарчу набахтийн урхаллин пресс-гIоьнчас Пенькова Юлияс яздарехь, тутмакх «шогга дуьхьалваьлла низам лардан». Цо бахарехь, Тумгоев могуш а волуш воьллина карцер чу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG