ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гацаев СаьIид. Cтогалла.


Cтогалла.
Гацаев СаьIид.

Садайна. Юрт тийна йижна.
Беттаса ган хезехь дац,
Кхоларе мархаш чекх хьежна,
Катоьхна ийало дарц.

Цхьа цIа ду - и юьстах лаьтта.
Цхьа гIийла, цхьа миска цIа.
Чиркх а бу цунна чохь летта,
Къен ду цо ара лун са.

Чохь зудий, майрий, неI чIогIий,
Дуьжуш ду,тIаккха а,- хIан,
Экханах сама ладоьгIуш,
Синтем бац цаьршингахь, ган.

Хетало - арахь цхьаъ хьийза,
Геpзех и воьттина ву.
Кога кIел шийла ло цIийза,
КIело еш, хIоьттина ву.

Дарц каде гIовгIа ян долу.
ГIаттадо къемате дур.
Зудчо шен майраче олу:
Стаг а вац, мотталуш ду.

Мила хир, алахьа тIаккха,
НеIарехь хIоьттина Iан?
Даг чуьра кхерам дIабаккха,
Iа ду и, гIовгIа еш,Iа!

ХIан - хIа, бах майрачо цуьнга-
ХIан- хIа,- цо юха а бах,
ХIуъа а далур ду цаьрга:
Нах бу уьш, сан цIийхой, нах!

Нах бу уьш, шелонгахь латта,
Нах бу уьш, буьззина нах!
Мел хала къематде гIаттарх,
Шайн гIуллaкх кхочуш дан, нах!

Дарц -цадарц- дуьхьло яц царна,
Ца кхоо кийрара са,
Нах бу уьш, бийца а цIарна,
Нах бу уьш - мостагIий сан!

Вийна ас, кадаьлла церан
ваша - и декъаза де!
Меттиг бу хIинца сан кхеран,
ХIинца ас са идаде.

Идаде буьйсанна, дийнахь,-
Бу иза боданан мохь,
Айса сайн куьйгаца дийна,
Кхачадан готтачу чохь.

Некха тIе куьг хьоькхуш, сецна,
Халла садаьккхина и,
Метта дIа готта ког хецна,
Ойланан боданехь тийн.

Дарц ду, дарц корех чулеташ,
НеIарехь дера дур ду.
Тховса и, хаза а хеташ,
Экха а дIадодур ду.

Маьрша стаг ара ма вала,
Чохь витахь, воккхавеш, Iен.
ХIумма-ъ а ма хила ала,
Шеллахь, цо цIе латае.

Амма кор туху цу хенахь,
НеIарах тасалo кхин.
Накъост вац уллохь, я генахь!
Мила ву, мила ву и?

Чехка и меттара гIаьтти!
Баьхки уьш! ЭхI, маржа яI!
Баьхки уьш! Вайга ца хаьтти,
ХIан, яло дIаелла неI.

Дуьхьло еш царна ца хьийзар.
ЧIирна ас декхар дIалур!
Мел хала, мерза са ийзарх,
Лестина Iожаллин тур.

Вужур ву цIий багахь.
Лаьтта тIаьххьара тухур бу бIаьрг.
Садукъош, бода чухьаьдда,
Кхачор ю кийрара Iаь.

ХIан, яло, сих ма ло йоха,
НеI еллий, чу бита уьш.
Бита уьш, тухуриг тоха,
Яцарах елха ца луш.

Зудчо неI йиллина,
ЦIийхой, хьем ца беш, чу таттало.
МогIа бина, хIиттина сехьо,
Чохь волче шайн салам ло.

Воха- м ца воьхна хьо?- хотту,
Мах хууш хIора дешан.
ХIусам ю хьан чIогIа готта-
ТIера ло дегадо шайн.

ХIан, охьаховша вай, олу
Цхьаццанхьа, дIасатарлуш.
ХIусамда меттах ца волу,-
Бехк ларбо - ду иза гуш.

Зуда ю неIарехь хебна,
Шелоно буьзна ши бIаьрг.
Хета и гIаларт ду, тебна,
Хьоьжуш ша цу лаьтта, ерг.

ХIан, дита, кхерам дIабаккха.
Зуда, ахь цIе латае.
Дакъалур тхо кIеззиг, тIаккха
Хала и ойла ма е.

Дара тхо шуьга ладоьгIуш.
Товхана бертигехь, дIохь.
Дарцо шен мехий ладуьйгIуш,
Дуьйцуш дерг лачIкъа а-м до.

Цхьацца дерг хаза а хеза-
Бан а бац бакъ дешан мах.
Цунна ду и иштта деза,-
ТIера бо цо шена нах.

Хаьа, ахь волуш ца вийний
Тхан ваша - ду иза гуш.
Оьзда и шен зилехь Iийнехь,
Девнна шен мукъ а ца луш,

Хин варий хIинца а дийна.
Тоьхнарг - ахь тоьхна ю,
Цуьнга ца тохийта хьайна,
Йостуш и хьайн каде юкъ.

Къонаха харц лен ца веза.
Нийсо - и ю бакъо, дин.
Тхаьшна мел и ваша везарх,
Хьуна и цIий хьанал дин!

Вежарий хиллa Iер вай.
Кховдаде хьайн маьрша куьг.
Зуда, ахь хьайн ерг, схьайилла,
Йита и неIаран чIуг.

Лаьтта ког кхетий-те, аьлла,
ЦIеннана дIахьоьвза чохь,
Iожалла шена тIех яьлла,
Къегаш ю вукхуьнан юьхь.

Къамел шен рагI эцна доьдуш,
Хуьлуш ду дош - дашехь товш.
Даг чуьра шайтIанаш довдуш,
Царна дан доцуш кхин дов.

Iуьйранна и дарц дIатийна,
Кораха чухьаьжи малх.
Бац- кха сел хазачу дийнан,
Дахаран цхьаллиг цхьа мах.

Мара а бетталуш ,эццахь
Вовшашка куьйгаш а лой,
Къаьста уьш, марзо а эцна-
Хазбо нах шайн стогалло.

Гацаев СаьIид Вина 1938 шарахь Веданахь. Иза поэт, драматург ву. Царех цхьаерш («Бале ваьлла нуц», «Пелхьонаш»). Цуьнан стихаш тIехьдаьхна халкъо дезаш тIеэцна дуккха иллеш ду: «Сан хьоме Нохчийчоь», «Сом хьан варий, Нохчийчоь», «Сийна бIаьсте», «Хьокъаьхьа ловзар», кхиерш композитора Даудов Рамзан, И. Мусхабовс мукъамаш даьхна Темирбулатова Сиржана, Межидов Сахьаба,кхечара дIаолуш долу.

Цуьнан цхьайолу стихаш нохчийн назманийн, узамийн кепехь язийна ю СаIидан. Уггаре евзаш йолчех ю цуьнан ТемирбулатоваСиржана мукъамаш баьхна дIаолуш долу « Алаза дош», «Сан илли», Суна хьо еза», «Лулахо» ,«Сийна бIаьсте».

КХИН А
XS
SM
MD
LG