ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коррупци хиларан тIегIанехь Угандина а, Кенина а юккъехь ю Оьрсийчоь


Transparency International-ан графикан сурт
Transparency International-ан графикан сурт

2018-чу шарца юьстича, коррупци хиларан Индексехь цхьа могIа хьалаяьлла Оьрсийчоь. 180 пачхьалкхана юкъахь 137-чу меттехь ю иза хIинца. Цунах лаьцна яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо, Transparency International Iедалшца йоьзна йоцчу вовшахтохараллана тIе а тевжаш.

Цу вовшахтохаралло еарин дийнахь арахецначу талламехь кху дуьненера ерриг а пачхьалкхаш дIахIиттийна ранжирца, пачхьалкхан секторехь лелачу коррупцин мах а хадош. Баллаш лакхара мел хуьлу а лакхара ю цу пачхьалкхан позици.

Коррупцин Индексехь Оьрсийчоьно, стохка гулйина 100 баллах 28. Рейтингехь цуьнан лулахо нисйелла Доминиканан республика а, Кени а, Либери а, Ливан а, Мавритани а, Папуа-Керла Гвиней а, Парагвай а, Уганда а.

Советан пачхьалкхана юкъахь республикаш хиллачу пачхьалкхех Оьрсийчоьнал а лахахь ю Таджикистан а, Туркмени а, Узбекистан а. Украино, 2018-чу шарца юьстича, тойина шен позици 5 баллана. ХIинца цо гулйина 30 балл. Уггар кIезиг коррупци ю Эстонехь, иза 19-гIа меттиг дIалоцуш ю, 74 балл а йолуш.

Рейтинган лидер ю 87 балл йолу Дани а, Керла Зеланди а, 86 балл гулйина Финлянди а. Коррупци уггар яьжина меттиг ю Сомали (9 балл), Къилба Судан (12 балл), ткъа иштта Шема (13 балл).

Transparency International вовшахтохаралло билгалдаккхарехь, тIаьхьарчу шерашкахь коррупци лелорца доьзна хьал цхьана эшшара лаьтташ ду Оьрсийчохь.

Коррупци дIаяккха политикан лаам ца хиларна а, Iедалша лелочуьнга а, низамаш тIехь бечу хийцамашка а, хаа а луш, хийца ца ло Оьрсийчохь хIоьттина хьал, боху Transparency International-ан Оьрсийчуьрчу центран директоро Поминов Антона.

Эксперташна хетарехь, Оьрсийчоьно контроль чIагIъян еза политикан партешна лучу ахчанна тIехь, цхьана къепене дерзо деза лоббисташ лелориг, ткъа иштта хийца еза бизнесхойх Iедалхой хиларца а, Iедалхой бизнесхой хиларца а йоьзна йолу, олуш ма хиллара, "хьийзачу неIарийн" практика.

Ша лаьтташ ду эксперташа дина кхин цхьа хьехар. Иза доьзна ду Оьрсийчоьнан махкахошна алсам маршо яларца а, къараллин жигархой а, журналисташ а, коррупци хиларх лаьцна хаам бина нах а ларбарца а.

ДIадаханчу кIиранах Оьрсийчоьнан Лараран чоьнан куьйгалхочо Кудрин Алексейс дIахьедар дира, пачхьалкхехь коррупци лелорна махкана хуьлу зен ду триллионаш сом барамехь аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG