ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоь дозанашца къаьстаелла яьлла шайца бохург бакъ ца до дагестанхоша


ХIинжа-ГIаларчу куьйгалхоша ца боху шаьш Нохчийчоьнца доза кхъастийна бевлла, цундела бакъдойла дац Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада шина мехкан доза къастаделла даьлла бохург, яздо Дагестанерчу цхьамогIа газеташа. Изза дIахьедар даржийна "Кавказский узел" газетехула Дагестанерчу дозакъасторан юкъараллин комисин хьалханчас Магомедов Мохьмада.

Деношкахь Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудовс махкарчу куьйгалхойн кхеташонехь хаамбира, Нохчийчоь яьлла шена гонахарчу мехкашца дозанаш къастийна. Амма и болх берзош Нохчийчоь ша-шеца къастаяларх ца тоьу, Дагестано ца лору дозанех долу къамел чекхдаьлла, «шина а агIоно вовшашца дуста деза шайн-шайн карташ», - боху Магомедовс.

Дагестанан а, Нохчийчоьнан а карташ зийна бевлча, шина а республикин парламентхой охьаховша беза дозанах долу юкъара низам дийцаредан, аьлла хета юкъархочунна.

«Яц и болх бина баларх лаьцна яржийна информаци, цундела сан, юкъараллин комиссин куьйгалхочун, олийла дац дозанаш къастаделла девлла», - дIахьедина Магомедовс.

"Официалехь бертан кехаташ а хIиттош, доза къастийна ГIалгIайчоьнца, Къилбаседа ХIирийчоьнца. Барт кечбина Ставропол-махкаца. Дагестанца ду ялх кIоштан доза – уьш а девлла къастийна, Реестре даьхна. Вайн агIор цхьа а проблема яц», - аьллера Нохчийчоьнан парламентан спикера Даудовс хьалхо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG