ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанан кепехь терроризмца къийсам


Материал язйинарг Идрисова Барият - "Кавказ.Реалиин" автор

Экстремистийн "Исламан пачхьалкх" шех олучу организацин 11 гара хааделла Дагестанехь кху деношкахь аьлла, дIакхайкхийна Къоман антитерроран комитетан (НАК) куьйгалхочо Сироткин Игора.

"Оццул дика жамIашца схьадогIушшехь, республикан дозан тIехь радикалан хьежамаш болчийн агIончаша керла террорхойн тобанаш вовшахъетташ, яржош ю. Цуьнан тоьшалла ду дIадахначу шарахь дуьненаюкъарчу террорхойн "Исламан пачхьалкх" олучу организацин 30 декъашхо юкъахь а волуш, 11 гара сацор", - аьлла, ТАСС агенталло далийна Сироткинан дешнаш. Цо дийцарехь, стохка цара дIабаьхьначу профилактикан болх чIагIбар бахьана долуш, теракташ юкъахдаьхна.

Таханалерачу дийнахь Дагестанехь, хьалха санна, цхьана лидеро куьйгалла а деш, герзах йоьттина зуламхойн тобанаш яц аьлла, тешна ю "Центр анализа и предотвращения конфликтов" цIе йолчу Центран директор Сокирянская Екатерина. ДаIишхойн идеологина тIетайна, царах доглозурш бу уьш, тарло цара тIелетарш кечдеш хила а, делахь а, уьш а кIезиг нисло.

Къайлах лелачу тобанашца латтош болу къийсам, Сокирянская бахарехь, цхьа чекх са гуш доцуш бу. Нагахь санна, тоххара и стаг гIаттамхошца ву аьлча, информаци бакъ юй хьажа таро хуьлура, хIунда аьлча, билггал хаа а хууш лелаш бара гIаттамхой. Меттигерчу бахархошна а, бехкевечун гергарчарна а цхьана хууш хуьлура и стаг билггал тобанашлахь ву я вац. Ткъа хIинца чолхе даьлла гIуллакх.

"ХIинца кхеташ дац, 11 тобанехь лаьттина боху и нах муьлш бу. Буй-те уьш боккъал а даIишхошца боьзна, теракташ дан Iалашо а хиллий -те церан? Верриг а маса хилла уьш? Стенгахь бу уьш хIинца? Кхи дIа хIу хир ду царех? Цундела хала ду къасто. Йозуш йоцу мониторинг еш стагга а вац, халахеташ делахь а",- аьлла хета экспертна. – Теракташ деш цахилар ницкъаллийн структурашна гергахь – цара кхачо йоллуш болхбар санна ду. Делахь а, тийналла латтар полисхоша шайн болх эвсара барца доьзна дац, и къайлах лела тобанаш цахиларна ду. Радикалан хьежамаш болу нах Гергарчу Малхбале дIабахна, цигахь дуккхаъ а божарий хIаллакхилла, ткъа Дагестанан бахархой, доккхачу декъанна аьлча, реза бац ИГИЛ-ан идеологина".

"Ткъа белхан кхийолу кепаш аьлча, оха, хьалха а санна, чоьте оьцу зуламан гIуллакхаш дуьхьалдахар а, я герз, я наркотикаш кхийсар а, ницкъбар а. Даим а шаьш бинчу балхах полисхойн дIакхийкхо деза, хIетте а, къайлах лелаш тобанаш а, деш теракташ а доцушшехь, дуккха а бу шеконашца лоьцурш. ФСБ-но дIахьедо иттаннашкахь шаьш юкъахдаьхначу терактех. Ницкъахошна дийца хIума оьшу, ткъа Къилбаседа Кавказехь дукха хьолахь бух боцуш ийдеш ду гIуллакхаш", - аьлла, дерзийра Сокирянскаяс.

"Черновик" газетан политикан обзорхочунна Магомедов Мохьмадна а хета, автоматаш кара а эцна, хьуьнхахь уьду зуламан тобанаш мацахлерачу сценарий юкъара ду аьлла. Цундела, шаьш юхатоьхна бохуш, НАК-о юьйцу тобанаш, даIишхойн идеологина тIетайна, царна дуй биъна, цхьацца акцеш дIаяхьа кечам беш хилла хила тарло, амма жигараллица цара лелош хIуммаъ дац.

"ХIаъ, дера хаттар ма дуьсу, мел бух болуш ду НАК-о дина дIахьедар? Гаджиев Iабдулмуминан ("Черновикан" журналист, даIишца уьйраш хилла аьлла, лаьцна ву -ред. ) гIуллакх кегийча, цунах а ала тарло "Исламан пачхьалкхан" гара хIаллакдина, хIунда аьлча, оцу тобанца уьйрашкахь а вара, организацина ахчанаш а латтийна бохуш, бехкала воьллина иза а хиларна", - боху Магомедовс.

Цо дийцарехь, къайлах лелачу тобанашца латто къийсам эвсара кеп йолуш бу ала тарло, амма дуккха а хеттарш ду-кх полисхоша бен болх чекх са гуш бу ала: шеконаш ю цара бехкаш дохкуш, далочу тоьшаллех а, даIишхойн тобанашкахь хилла бохуш, цIераш йохучу нахах а.

"Тоххара дуккха а лерина операцеш, барамаш дIахьора, тобанаш йохайора тIеман заманахь санна. ХIинца цу тайпа хIуманаш дац, хIунда аьлча, тIемаш беш хилла дуккха а нах Шема дIабахана, вуьйш махкара арабевлла, ишта и хаттар довза лууш, кIорггера дин Iаморца цхьацца Дагестанехь хиллачу хийцамашца доьзна а ду", - аьлла хета экспертна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG