ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Набахтехь нохчочунна Муртазалиев Хасдинна еттарна цигара хьаькам ша а кхаьчна набахте


Кху деношкахь Ярославлерчу набахтера мукъаваьллачу нохчочо Муртазалиев Хасдина, набахтин хьакамаша кхо шо хьалха шен могашалла галъяьккхина етташ, аьлла дIахьедина, хаамбо "Кавказский узел" газето.

"Кавказ.Реалиино" хаийтина ма-хиллара, бакъоларъечу "Юкъараллин вердикт" хьукмато видео яржийра тутмакхашна Ярославлерчу набахтехь 2016-чу шарахь етташ.

ТаIзаре берзийначу нахах цхьаъ вара Нохчийчуьра схьаваьлла Муртазалиев. Иза кху деношкахь араволучу юкъанна, кIира хьалха, набахтехь такха 3,5 шо хан тоьхна юьйцучу видеоно етташ гайтинчу хьаькамех цхьанна – Яблоков Максимна. Амма Муртазалиевс бахарехь, тутмакхашна кест-кеста етташ хуьлучу набахтин дуккха а белхахойх набахте хьажийнарг вац цхьаъ бен.

"Цигахь йиттина, доIах а, ахкаргаш а ду сан лозуш. ХIетахь дарба а ца дайтира суна, карцер чу кхоьссира, 13 де-буьйса даккхийтира гIудан изоляяторехь, тIаккха баттана карцер чу воьллира. Цул тIехьа шагдира набахтин хьелаш. Могашалла галъяьккхина», - леткъа Хасдин.

Набахтин кхерамзаллин декъан инспектор Яблоков воцург, кхин а ши белхахо ву кхеле озийна. Царна массарна а догIу таIзар кхайкхийна даьлча, шаьш тутмакхна еттарна пачхьалкхера ял йоьхур ю кхелехула, аьлла Муртазалиев адвоката Бирюкова Иринас. Набахтин кхин а шина белхахочунна таIзар кхайкхор ду Ярославлерчу кхело карарчу беттан тIаьххьарчу деношкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG