ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дигорхойн диалектехь йолу программаш дIаяха тарло телеканалера


"Иристон" телеканалан гIишло
"Иристон" телеканалан гIишло

Дигорхойн диалектехь еш хуьлу эфираш совцо еза, уьш редакцин политикаца ца йогIу, аьлла Къилбаседа ХIирийчоьнан пачхьалкхан телеканалан куьйгалхочо Гудиев Тимура.

Оцу хьокъехь социалан машанашкахула орца кхайкхийна дигорхойн театран актёро Дашити Ирбека. Ша Гудиевца къамел дира, массо а ца кхета дигорхойн диалектах, иза эфирашкара дIайоккхур ю боху цо, дуьйцу Дашитис.

Актеро даьккхинчу орцано гIара айина социалан машанашкахь. Дуьйцург бакъ ца хиларе догдоху ша, яздо интернетехь Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думин депутата Макиев Зураба.

«Иза бакъ делахь, юхаэца безар бу сацам, нах къинтIера а бохуш. Цхьа а вац диалекташкахь лелаш болу вайн мотт дIалакъо а, цхьа диалект хьакъ ю лела, важа яц, бохуш, къестамаш бан бакъо йолуш», - яздина Макиевс.

ХIирийн юкъараллера дуккха а жигархой бу дигорхойн диалект пачхьалкхан телегойтийлехь латтийта кхайкхамаш беш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG