ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчоьнан министрийн кабинет мукъаяьккхина


ГIалгIайн куьйгалхо Калиматов Махьмуд-Iела
ГIалгIайн куьйгалхо Калиматов Махьмуд-Iела

Республикан министрийн кабинет дIахецна мехкан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас. Инстаграмехь бина урхалхочо шен сацамах хаам, амма ца хьахийна бахьанаш. Ханна премьер-министран декхарш кхочушдан хIоттийна хьалхара вице-премьер Сластенин Владимир, яздо "Новости" агенталло, регионерчу урхалхочун зорбанчашна тIе а тевжаш. Пхи де хьалха чIагIвира Сластенин хьалхарчу вице-премьеран даржехь.

ДIадахначу шеран Гезгамашин-баттахь ГIалгIайчоьнан куьйгалле хаьржира Калиматов. Оццу дийннехь мукъабехира цо шел хьалха урхаллехь лаьттинчо хIиттийна хьаькамаш. Премьер-министр къастийра Суриков Константин.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG