Ракеташца тохарш дина Багдадерчу Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн векалтна. "Баьццара зона" олуш, кхерам лакхара хиларца билгалъяьккхинчу дипломатийн миссин дозан тIе йоьжна кхо ракета. Векалтан ресторанна тIе кхетта царех цхьаъ.
AFP-н информацица, ерриг а аратеснарг пхи ракета ю. Агенталло яздарца, цхьа стаг лазийна. Ткъа Reuters-а дуьйцу, мел лахара а кхаа стагна чевнаш йина бохуш.
Векалтан гIишлона жимма зенаш дина, аьлла CNN хьостано, Iамеркан урхаллан векална тIе а тевжина.
Пачхьалкхан департаменто кхайкхамбина Иракъан Iедалхошка, "дипломатийн объекташ Iалашъян шаьш тIелаьцна декхарш кхочушде" аьлла.
Иракъан премьер-министран декхарш кхочушдечу Махьди Адиль Iабдула емалдина хилларг, "агресси" ю иза аьлла.
Багдадерчу Iамеркан векалтна тохарш дарх цхьаммао а жоьпалла шена тIелаьцна дац цкъачунна.