ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

АрашуковгIар кхин а кхаа баттахь чохь буьтур бу


Экс-сенатор Арашуков Рауф
Экс-сенатор Арашуков Рауф

Нах байина аьлла, лаьцна экс-сенатор Арашуков Рауф а, миллиардашкахь ахчанаш лечкъийна аьлла, бехкевина цуьнан да Рауль а кхин а кхаа баттахь чохь вуьтуш сацамбина Москварчу кхелахоша. "Новости" агенталло бина цунах хаам.

"Суьдхойн вердикт ишта ю: талламчаша корта тохар тIе а эцна, Охан-беттан 24-чу дийне кхаччалц лаьцна вуьтуш", - аьлла, дIакхайкхийна кхелахочо сацам.

Арашуков-жимахверг бехкево ши стаг вейтарна а, зуламхойн тобанехь хиларна а, тешана тIеIаткъамбарна а.

Арашуков Рауль таIзаре хIоттийна зуламхойн тоба вовшахтохарна а, "Газпроман" 30 миллиард сом ахча даарна а. Дас а, кIанта а бехкаш тIе ца лоцу. Политикан бух болуш ду боху экс-сенаторо шена дуьхьал долийна гIуллакх.

Федерацин Кхеташонан хIусамехь 2019-чу шеран Дечкен-беттан 30-чохь дIалецира сенатор Арашуков Рауль а. Цунна тIаьххье Санкт-Петербургехь лецира сенаторан да Арашуков Рауф.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG