ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамерко керла санкцеш дуьхьалъяьхна Оьрсийчоьно ГIирмана аннекси ярна


Оьрсийчоьно ГIирмана йинчу аннексина тIехула Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн финансийн министралло санкцеш тоьхна ворхI стагна а, Москварчу доларчу аьчганекъан компанина а. Дозанаш тоьхначарлахь нисвелла Оьрсийчоьнан президенто ханна Севастополан губерантор хIоттийна Развожаев Михаил а, ГIирман премьер-министр Гоцанюк Юрий а, Севастополан парламентан керла куьйгалхо Немцев Владимир а, Федерацин Кхеташонан декъашхо Албатаева Екатерина а, харжамийн комиссийн кхо куьйгалхо а.

Цхьа де хьалха санкцеш тоьхна царна Евросоюзо а. Цул совнах, санкцеш хьакхало Grand Service Express компанех а. Оьрсийчуьра анекси йинчу ахгIайренехь долчу "ГIирман тIайтехула" пассажираш дIасалелабо оцу компанино.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG