ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ша кема оьккхуьйтур ду аьлла салон чохь йолчу зудчо


Аннекси йинчу ГIирмера Москварчу Домодедово аэропорте догIучу S7 авиакомпанин кеман чохь йолчу пассажиро-зудчо дIахьедина, охьадосийначул тIаьхьа ша кема оьккхуьйтур ду аьлла. Аэропортан пресс-гIуллакххоша бинчу хаамна тIехь яздина "Интерфакс" агенталло цунах лаьцна.

Пассажираш дIасалела юкъ дIа а лаьцна, харцахьа лелаш ю и зуда, агенталлан хьосташа дийцарехь. Шена тIе ца буьту цо экипажан декъашхой а, я пассажираш а. "Интерфаксе" дийцарехь, къаьркъа мелла ю иза. Юьстах охьахаийна кема. Flightradar сервисан трекеран информацица, Аэробус-А321 кема ду рейс йийриг. Цу чохь 220 пассажир ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG