ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Боцу бехк тIелацийта гIерта ФСБ шен йоIе аьлла Нохчийчуьрчу дас


Туркойчохь вехачу шен вешина ахча дахьийтар бахьана долуш, тIемалошна финансашца гIо латтош яра аьлла, лаьцначу Нохчийчуьрчу яхархочун Саидова Лилиян дас СаIида а, йоьIан адвоката а дIахьедина, къайлахчу сервисаша боцу бехк тIе а лаца, Дагестанера цунна вевзаш воцчу стагана доцург а кхолла бохуш, хьийзош ю йоI аьлла.

"Кавказский узел" агенталло яздира Москварчу Черемушкинскан кIоштан кхело 2018-чу шарахь Къилбаседа Кавказера 6 вахархо лацарх, тIемалошна ахчанаш латтийна цара аьлла. Ишта лецира хIетахь ши зуда а - Байсарова Мадина а, Саидова Лилия а.

Еаридийнахь Москварчу Кассационан кхелехь листира Саидовас чуделла арз. Лилиян адвокато латкъамбинера иза лаьцна латторна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG