ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьанне а ца хаьаелла министралла


"Инвестицеш е Кавказе" конференци йоьдуш даьккхина сурт

ХIокху материалан автор ю Саламова Елена

Оьрсийчохь тIаьххьара бинчу хийцамашца, керлачу Iедалан структурана юкъа ца яхана Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула министралла, яздо Кавказ.Реалиино.

please wait

No media source currently available

0:00 0:04:21 0:00
Линкана тIе


Тамашийна хIума ду цу министраллан аьтто баьлла хилар 6 шо гергга хенахь латта. Масала, Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирман гIуллакхашкахула министралла дIасахийцира 2015-чу шарахь, цуьнан функцеш экономикан кхиаран министралле дIа а луш. Цкъачунна Оьрсийчоьнан Iедалан структурехь йисина цу кеппара йолу ши министралла – Генарчу Малхбален а, Арктикан а гIуллакхашкахула йолу.

Дуккха а шерашкахь Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула министралло бинчу белхан чулацам бара горга стоьлаш а, кхеташонеш а, ткъа иштта масех тамашийна форум а вовшахтохар. Царах цхьаъ яра, масала, дIаяхьа кечйеш хилла Кавказан дуьненаюкъара эконономикан форум. ЦIе гIовгIане яра цуьнан, чулацам ца хиллехь а. Иза дIахьур хиларх барт бинера 2018-чу шарахь. Хила езаш яра иза 2019-чу шарахь. Амма тIаьхьатеттира 2020-чу шаре. Ткъа хIинца хууш дац цунах хIун хир ду.

Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула министралло вовшахтохара цхьацца цхьаьнакхетарш, бора талламаш, масала, "Мамисон" курортан белхана, Нальчикера зезагаш дийна кечйинчу майданна, Кувейтана беркеманаш дохкарна, ткъа иштта субсидеш схьаэцар чулацам муха бу ца хуу модернизаци ярна.

Дуккха а шерашкахь Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула министралло форумаш дIахьора, "Инвестицеш е Кавказе" цIе а йолуш. Цу тайпа 4 мероприяти хиллехь а, жамIехь кхин хIара ву аьлла спонсор каро аьтто ца белира.

Цул сов, "Курорты Северного Кавказа" а, "Корпорация развития Северного Кавказа" а компанийн акционер санна министралла яра регионехь туризм кхиош. Цу агIор цо уггар тIе тидам бахийтинчу проекташна юкъахь яра Нохчийчуьра когсалазийн курорт "Ведучи".

Иза йича дика хир дара аьлла дагалаьцнера, Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула министралла гучу а ялале. Дан лерина хилларг дерриг а кхочуш дан аьтто ца белира "Ведучи" еш. 19 трассан метта болх беш бу цхьаъ. Куьзганах а, бетонах а йина хила езачу инзаре йоккхачу шина нохчийн бIаьвнан метта йинарг ю кхин бен-берса йоцу хьешан ши хIусам.

Цу министраллан кхиаман проект лара мегар ду курорташа пайда беана хилар. 2019-чу шеран Дечкен-баттахь дуьйна Гезгмашин-батте кхаччалц йолу хан схьаэцча, цуьнан барам бара 332 миллион сом. 180 миллион сом гулдинера туристашкара Ставрополан махкахь, кхин а 152 миллион сом вовшахкхеттера Краснодаран махкахь.

Кхин цхьа хIума а дара министралло лелийначунна юкъахь. Иза дара шаьш йозуш йоцу пачхьалкхаш хетачу Къилба-ХIирийчоьнца а, Абхазица а уьйраш латтор. Уьш стенна оьшуш яра кхеташ дац, амма Абхазин а, Къилба-ХIирийчоьнан а куьйгалхошца сих-сиха цхьаьнабетталора министраллан белхахой.

Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула министралла дIаяккхарна догдоьхна стаг вац цу регионехь. Иза хилча а, ца хилча а Дагестанна, масала, башхалла дацара я хIинца хир а дац, боху цу республикан юкъараллин чоьнан эксперто Ниналалов СаьIида.

"Цхьа тамашийна, хила таро йоцу проекташ яра юьхьарлаьцна, масала, Дербентана гергахь аэропорт йиллар санна йолу. Кхин а планехь яра 4 проект цхьамогIа бизнесан фирманашца (ЗАО 'Мурашака', ОАО 'НПЦ-конверсин' филиал, АО 'Дагагроснаб', ОАО 'Дагфос') йоьзна. Царах хIун хилла, цу проекташна ахча даийтина я ца даийтина, кхочуш йина уьш я ца йина хууш дац", - дуьйцу Ниналаловс.

Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула министраллан болх боьхна хилар, могIарерчу бахархошна хьовха, гуш дара Лараран чоьнна а. Дукха хан йоцуш цо гучудаьккхира цу министралло, цхьа а ала мегар долуш, шен проект кхочушйина ца хилар, Iедалан хазнера цкъа 5,5 миллиард сом, юха 2,4 миллиард сом шена делла хиллехь а.

"Венера Анзор" цIарца вевза Умаров Мамихан вийна Австрехь. Бахьанаш хIун хета шуна?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG