ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчоь: варяго хийцина варяг


Калиматов Махьмуд-Iела
Калиматов Махьмуд-Iела

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас Дечкен-беттан 27-хь дIасахийцира Суриков Константина куьйгалла дон меттигера Iедал. 30-хь хиира Суриков Москвахь республикан векалаллехь Калиматовн хьехамча хIоьттина хилар. Iедалан куьйгалхочун гIант ГIалгIайчохь, гарехь, дIалоцур ду иза санна Самарехь болх беш хиллачу Сластенин Владимира, яздо Кавказ.Реалиино.

ГIалгIайчоьнан премьер-министран даржехь Суриковс болх бира 5 баттахь, амма Калиматовс хастийра цо динарг, йоцчу хенахь Iедало дика жамIаш гайтира аьлла. Де хьалха ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Халкъан гуламе кховдийра меттигерчу керлачу премьер-министран кандидатура. Иза ву карарчу хенахь Iедалан куьйгалхочун декхарш кхочушдеш волу Сластенин Владимир.

Суриков санна иза а ву банкийн сферехь болх бина зеделларг долуш. Хьалхалерчу Iедалехь Сластенин вара Iедалан гIантден хьалхара гIовс. Халкъан гуламан декъашхошна иза хьалхахIоттош, Калиматовс элира, шена иза вевза 30 шо сов хан ю аьлла.

Сластелин Владимира 1981-чу шарахь Куйбышевхь чекхъяьккхина политехникан университет. 1995-чу шарахь банкийн гIуллакх Iамош дешна цо Москвахь Iедалехь йолчу говзалла лакхайоккхучу институтехь. 2000-чу шерашкахь урхалла дина Сластелина "Союз" банкан Самарерчу филиална.

2015-чу шеран Марсхокху-баттахь дуьйна куьйгалла дина Саратовн финансийн департаментана. Ткъа 2016-чу шеран Товбецан-баттахь дуьйна 2017-чу шеран Лахьанан-батте кхаччалц Самара гIалан куьйгалхочун хьалхара гIовс хилла Сластенин. ГIалгIайчуьрчу Iедалан куьйгалхочун декхарш кхочуш деш ву иза кху шеран Дечкен-беттан 22-хь дуьйна.

ГIалгIайчохь баш дIогара дохйовхо хиларца тIе ца оьцу республикерчу Iедалера хийцамаш. "Яблоко" партин гIалгIайн декъан куьйгалхо волчу Муцольгов Русланна хетарехь, Iедалан куьйгалхо хийцаро хийцамаш бохьур бац могIарерчу бахархойн дахарехь.

"ГIалгIайчоьнца цхьана а агIор боьзна боцчу "варягийн" Iедало цхьа а диканиг дийр дац… Дикачу агIор цхьаъ хийца лаам болуш хила мега шен кхане кху республикехь гуш волу стаг", – боху Муцольговс. Иза тешна ву федералан центро хIоттийна волу стаг там бан гIертар хиларх, ша регионе хьажийначу нахана.

"Лакхара дахкийтина омраш а, тIедахкарш а кхочуш деш хир ву иза", - боху Муцольговс.

Сунжера вахархочунна А. Мохьмадна хетарехь, хIокху я кхечу министраллан коьртехь мила хир ву бохучух сагатдеш цхьаъ ву ала хала ду республикехь. ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун халкъаца къамел дан а, цуьнан хьаштех кхета а эха шарахь хан карийна ца хилча, министаршкара а, Iедалан гIантдегара а хIун хазаре ладоьгIийла ю, даиман а лелош йолу могIарера фразел а сов, бохуш вара иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG